Толаме сатийса меттиг а ца йитира суьдхочо

Россин Премьер-лигин пхоьалгIачу турехь Нохчийчоьнан коьртачу командин футболисташ шайн цIахь левзира Москварчу «Спартак» командин футболисташца.

Цхьаьнакхетар буьйсанна уьттолгIачух ах даьлча бен долалуш ца хиллехь а, цуьнга хьажа веанера 18 эзар гергга футболъезархо.

Кхул хьалхарчу турехь, Оренбургерчу «Оренбург» командина тIехь жамI 2:1 долуш, толам баьккхинчу «Ахмато» хIинца «Спартакана» тIехь а толам баккхаре сатуьйсура футболъезархоша.

Амма церан сатийсам эрна хиллера. Матчан 32-чу минотехь «Ахматан» кевна чу буьрка туьйхира хьешийн къоначу тIелатархочо З.Бакаевс. Иза кхин цкъа а кхиаме кхечира хьалхара тайм чекхъяла масех минот йисинчу хенахь.

ШолгIа тайм мелла а жигарбовларца дIайолийра вайн футболисташа. Цара нагнаггахь ира тIелатарш дора. Царах цхьаъ А.Мбенга дерзийра 75-чу минотехь «Спартакана» гол тохарца.

Бакъду, цо гол тохале серлонан табло тIехь догуш 0:3 терахьаш дара.

Делахь-хIета, Аблайс тоьхначу голо майданара хьал башха ца хийцира. Цу тIе, гол тоьхна ши минот ялале, А.Мбенг суьдахочо майданара дIаваьккхира, кIоршаме ловзарна.

Иза майданара дIаваьккхича, толаме сатийса меттиг а ца йисира.

Цхьаьнакхетар чекхделира «Спартака», жамI 3:1 долуш, хаза толам баккхарца.

РогIерчу турехь «Ахмат» Санкт-Петербургехь меттигерчу «Зенитаца» ловзур ю.

Таханлерчу дийнахь турниран таблицехь хьалхарчу меттехь ю иза. ХIокху чемпионатехь цкъа а эшна а яц.

ХЬ.САЙДАЕВ
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: