Нохчийн Республикин С.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотека Ерригроссин «Сан Росси. Культура а, искусство а» конкурсехь тоьлла.
Библиотекин совгIаташна тIе кхин а цхьаъ – Ерригроссин а, Дуьненаюкъарчу а шина конкурсан совгIаташ кхетта.
ХIокху шарахь Ерригроссин «Сан Росси. Культура а, искусство а» конкурсо Россин тайп-тайпанчу регионашкара бIе сов дакъалацархо цхьаьнатоьхнера кхоллараллин къийсадаларшна.
Нохчийн Республикин цIарах Даймахках лаьцна тематикин проекташца дакъалоцуш Нохчийн Республикера С.Михалковн цIарах республикин Берийн библиотека яра.
Конкурсан жамIашца хьалхарчу даржан Диплом Берийн библиотекин директорна, Россин Федерацин культурин хьакъйолчу белхахочунна Сайдумова Зулайна делира.
ШолгIачу, Iилманан-талламан, методикин, кхоллараллин белхийн «Толамхой» конкурсан совгIатхой хилира Берийн библиотекин Iилманан куьйгалхо а, библиотекарь а Балатбиева Мадина а, библиотекин ешархо Джаубатырова Хьава а.
Даймахках лаьцна белхаш бара цара конкурсан жюрин кхиэле бехкинарш.
З.ЯХЪЯЕВА
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо