«Нохчийн Республикин терахьийн культура» регионан проект кхочушъяран гурашкахь Соьлжа-ГIаларчу I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан филармонин буха тIехь Нохчийн Республикехь дуьххьарлера концертан виртуальни зал схьаелларан Iалашонца кечамашбар дIахьош ду карарчу хенахь. Иштта хаамбо Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

Оьшуш болу гIирс эцна, шен метте дIа а кхачийна хьаьттан (август) беттан 7-чу дийнахь. Музыкин а, техникин а гIирсаш дIахIиттош техникин декъехула болу белхаш а бина.
Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира: «Виртуальни концертан залана регистраци йина meloman.ru сайта тIехь. Онлайн рожехь йолу трансляци ян лерина товбецан (сентябрь) беттан 5-чу дийнахь 19 сахьт даьлча Малер-симфония №2 аьлла».
Билгалдаккха деза къоман «Культура» проект – иза Россин Федерацин Культурин министерствон доккха маьIна долчу проектех цхьаъ хилар.
Россехь долу культурин хьал цхьаьнадузуш, хаамийн а, кхиамийн а, гайтаман а дика майданаш кхоллало оцу проектан таронашца.
Концертан виртуальни залийн зIе ерриге а Россехь кхолларо аьтто бийр бу академин музыка кхион а, цул сов, Россин Федерацин бахархошна, халкъашна кхечу къаьмнийн культура йовзийта а.
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо