Нохчийн Республикерчу театраша санна, аьхкенан садаIаран денош чекхдевлла, рогIера мур дIаболийна Соьлжа-ГIаларчу М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театро.

Керлачу муьрехь керлачу спектаклашка сатесна хуьлу хьовсархой. И хууш болчу театран актераша хIотто долийна Кэрролл Льюисан «Алиса в стране чудес» туьйра.
Спектакль хIоттош ву къона режиссер Темишев Султан. Теша лаьа, герггарчу хенахь, ингалсхойн яздархочо 1864-чу шарахь яздинчу туьйрано вайн хьовсархойн самукъадоккхург хиларх.
150 шо сов ду и туьйра яздина. Дуьненан массо а маьIIехула чекхдаьлла иза. ХIинца вайна а бовзийта лерина бу театран актераш ингалсхойн яздархочо кхоьллина турпалхой.
1832-чу шеран кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь дуьнен чу ваьллачу Кэрролл Льюиса дуккха а шерашкахь болх бина университетехь студенташна математика хьоьхуш.
Иштта, иза шен заманан тоьлла философ, похIме фотограф а хилла. Цуьнан баккъалйолу цIе Доджсон Чарльз Лютвидж ю. Йозанашкахь къахьега ваьлча тIеэцна псевдоним ю цуьнан Кэрролл Льюис. Дуьненна оцу цIарца вевза яздархо.
«Алиса в стране чудес» йоцург а, кхин дуккха а говзарш ю цуьнан. Царах цхьаъ ю 1867-чу шарахь ша Россехь хиларх лаьцна язйина «Дневник путешествия в Россию в 1867 году».
Делахь а, ткъех сов йолчу говзаршна юкъахь къаьсттина массарна дукхаезаш ю «Алиса в стране чудес» а, «Алиса в Зазеркалье» а цIераш йолу говзарш. БIе гергга къаьмнийн меттанашка гочйина ю и шиъ. Оьрсийн матте гочйинарг Демурова Нина ю.
1903-чу шарахь дуьйна кинематографисташа йоккхачу экран тIе дохуш ду «Алиса в стране чудес» туьйра. Юьхьанца аз доцчу фильмашкахь ган таро хиллехь, тIаьхьа, аз долу кино юкъаяьлча, мультфильмашкахь а, исбаьхьаллин фильмашкахь а йоккхачу экранан хьаша хуьлура «Алиса в стране чудес».
И туьйра бухе дуьллуш, исбаьхьаллин фильмаш яьхна Ингалс пачхьалкхехь, Францехь, Iамаркехь, Россехь, иштта дуккха а кхечу пачхьалкхашкахь. Цундела дукха тамашийна ца хета Кэрролл Льюисан туьйра М.Лермонтовн цIарахчу театран сцени тIе кхачар.
Оцу туьйранца алссам адамалла, къинхетам, дуьнене мерза безам бу. Дикане а, хазалле а кхойкхуш туьйра ду иза. Цундела, теша лаьа вайн хьовсархоша хазахетарца иза тIелоцург хиларх.
Коьртачу турпалхочун васт кхоллар режиссера Темишев Султана тешийна къоначу актрисех Яхьяева ПетIаматах.
Спектаклан хелхарш хIиттош ву Нохчийн Республикин халкъан артист Мажидов Iадлан.
«Алиса в стране чудес» спектаклехь дакъалоцуш болчу актерашна костюмаш тега йолийна.
А.АРАПХАНОВА
№61, хьаьттан (август) беттан 16 де, 2019 шо