Нохчийн кIант Байкалах дехьаваьлла

Нохчийн кIанта Закраилов Заура а, цуьнца цхьаьна шина оьрсичо Тимошенко Вячеслава а, Семеняка Евгенийс а дуьненан рекорд хIоттийна, совца а ца совцуш, Байкал Iомах дехьа а бевлла. Спортъезархоша 23 сахьтехь эхасахьтехь шийлачу Iомахула бина некъ 45–55 километр гергга бу.

Шаьш дIадаьхьначу некадар къовсарна «ЦIеначу Байкалехьа» цIе тиллина кIенташа. Церан Iалашо яра исбаьхьа Iам бехбеш хиларна тIе тидам бахийтар.

Оцу кхиамца неканчаш декъалбира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Неканча-экстремал, Нохчийн Республикин кхузаманан туьран тIеман (латаран) федерацин президент Закраилов Заур сийлахь-толаме некадар къовсар а дина, Байкал Iомах дехьаваьлла. Историн хилам бу иза. Де-буьйса йолчу юкъана шен доттагIашца-гIирмахошца цхьаьна 55 километр гергга «некъ бина» цо. И ерриге а хан (23 сахьт ахсахьт), ша санна шийлачу (Цельсица кхаа градусера шийтта градусе кхаччалц температура йолуш), хи чохь яьккхина неканчаша. Халонашка хьаьжна доцуш, шаьш юьхьарлаьцна некъ чекхбаккха а, кхул хьалха японхочо-спортъезархочо йинчу рекордал тIехдовла а ницкьъ кхаьчна церан», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте социальни сетерчу шен агIонехь.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира неканчийн Iалашо Байкал Iам бехбаран проблемина юкъараллин тидам тIе бахийтар хилар.

«Заура ша «Сий долу хIорд – сийлахь-беза Байкал» (авт.: поэтан Д.Давыдовн дешнашна тIехь яьккхинчу оьрсийн романсехь ма-хесттора) хадо дагахь ву аьлча, цхьаберш тешаш бацара лаьмнийн Нохчийчохь кхиъначу жимачу стаге цу кепара спортан хьуьнар гайталур ду бохучух. Амма цо миллионашкахь кегийчу нахана масал гайтира, бакъонца ша-шех, шен таронех тешаро а, гуттар тренировкаш яро а муьлхха а дуьхьало эшо ницкъ луш хиларх а тешош», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо оцу боккхачу кхиамца даггара декъалвира Заур а, Вячеслав а, Евгений а. Церан дахарехь ирс, аьтто, могашалла, кхидIа а иштта бIаьрла кхиамаш хуьлийла шена лаар а хаийтира.

А.ВАХАЕВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: