Хь.Алиевн цIарахчу иллийн а, хелхарийн а Нохчийн Республикин берийн «Башлам» ансамблан 50 шо кхачар билгалдаьккхира Нохчийн пачхьалкхан театран-концертийн залехь.

Концертехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Администрацин а, Правительствон а куьйгалхо Таймасханов ГIалас, республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди, Иорданехь бехачу нохчийн кегийрхойн делегаци, ансамблерчу берийн дайнаной, гергарнаш.
Юбиляраш декъал а беш, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдаран кехат дIадийшира ГI.Таймасхановс: «Нохчийн къоман культура ларъяр а, кхиор а коьртачех цхьа Iалашо яра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Цо аьлла дешнаш а дика дагадогIу вайна: «Культура ца хилча, къам ца хуьлу». Нохчийн ширачу хелхаран куц-кеп лар а еш, нохчийн кIантана а, йоIана а юкъахь хуьлуш долу гIиллакхаш а гойтуш ду «Башлам» ансамблан хIора а хелхар. Къамелийн метта, хелхарца, хиллачух, долчух сурт хIоттош, маьIне хуьлу уьш. Суна даггара баркалла ала лаьа «Башлам» ансамблан куьйгалхочунна, Нохчийн Республикин халкъан артистана Алиев Яхьсанна. «Башлам» ансамблехь, нохчаллех дуьззина, масех чкъор кхиъна. Тахана а ансамблехь къахьоьгуш болу къона арстисташ, нохчийн халкъан патриоташ бу ала мегар ду. Цара ларъеш ерг а, дуьненна а йовзуьйтуш ерг а нохчийн халкъан культурин хазна ю. Деккъа цхьана хелхарх лаьтташ яц нохчийн къоман культура, цундела, Я.Алиевс къоначу артисташца нохчийн культурехула кхетош-кхиоран болх дIахьо. Дала аьтто бойла шун! Дала тIаьхье беркате йойла шун!».
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Р.Кадыровн омранца «Башлам» ансамблан куьйгалхочунна Алиев Яхьсанна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира, ансамблан коьртачу администраторна Х.Насугаевна «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» цIе елира, ансамблан директорна З.Алиевана «Нохчийн Республикин халкъан артист» цIе елира, иштта, «Баркаллин кехаташ» делира коьртачу балетмейстерна Б.Алиевна а, балетмейстер-хелхаршхIотторхочунна I.Межидовна а.
Дагадаийта лаьа: 1967-чу шарахь, Шуьйтахь, ша вехачу юьртахь, вовшахтуьйхира Алиев Хьасана «Башлам» берийн хореографин ансамбль.
1969-чу шарахь республикин исбаьхьаллин самодеятельностан хьажаршкахь хьалхара меттиг яьккхира «Башлама». ХIетахь дуьйна халкъан ансамбль хилла лаьтташ ю иза.
Нохчийн Республикин цIарах Россин, дуьненаюкъарчу конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъалаьцна «Башлам» ансамбло. Толам боцуш я Гран-При совгIат доцуш цкъа а ца йисина иза.
Алиев Хьасана 30 шарахь гергга къахьегна ансамблехь. Ткъа тахана Алиев Яхьсан ву «Башлам» ансамблан куьйгалхо.
ВЕГИЕВА Макка
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо