Вайн догдохош йолу фильмаш

ЧIогIа чолхе беара вайна массарна ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталун мур. Россин цхьаболчу режиссерашна чIогIа марзделла оцу муьрехь Нохчийчохь буьрса кхихкинчу тIамах лаьцна исбаьхьаллин фильмаш яхар. Вайна уьш дукха гина: «Кавказский пленник», «9-я рота», «Грозовые ворота», «Двенадцать», «Дом дураков», «Мужская работа», «Русская жертва», иштта дуккха а кхиерш.

Оцу фильмашкахь дийцарехь, дерриге а нохчийн халкъ тIом бан лууш хилла, тIамехь дакъалоцуш хилла, кхаа бIешарахь вайна массарна нана хилла лаьттинчу Россех дIакъаста лууш хилла.

Иштта гойту вай фильмийн сценарийн авторша, царна тIаьхьа режиссераша. ХIан-хIа, иза иштта дацара олий, ца яздо цкъа а, цхьана а кинокритика.

Кхин мел дерг дуьйцуш йолчу федеральни телеканалаша цкъа а дийцаре ца до ишттачу фильмаша нохчийн халкъана беш болу дегаэшам а.

XXI-чу бIешеран юьххьехь и тайпа фильмаш яхар а, гайтар а кхеташ дара, вайн дегнаша тIеоьцуш ца хиллехь а. Дуьненна вайх зуламхой тарделлера. Цхьаболчу нохчийн мотт хуучу зуламхоша чIогIа къахьийгира дуьненна нохчех мостагIий тарбеш.

Амма, тахана и тайпа фильмаш федеральни телеканалаша гайтар дерриге а нохчийн халкъе ларам цахилар ду, фильмийн авторшца цхьаьна, уьш бакъдерг довза ца лууш я цунна Iаламат гена хилар ду.

Луьрачу тIемаша ягийна, Iовжийна Нохчийчоь, Делан къинхетамца, гIаьттина овкъаршлара, хазъелла дIахIоьттина, маьлхан зIаьнаршца йохьеюьйлуш.

Цул тIаьхьа Россин сий лардеш лаьттина вайн турпала кIентий, хIинца Шемахь лаьтташ бу, Даймахкана эшахь, дуьненан муьлххачу маьIIе дIабаха кийча а бу.

Нохчийн Республика йоккхачу Россин 89 субъектах цхьа субъект ю, кхечу субъектийн йоллу бакъонаш, декхарш долуш. Россин ницкъ субъектийн цхьааллехь хилар дIакхайкхош ду хаддаза. Амма федеральни телеканалаша гойтучу исбаьхьаллин фильмаша шеконаш кхуллу иза иштта хиларх.

Россин цхьаалла гал ца ялийта кхо эзар гергга нохчийн кIант воьжна террористех леташ. Царна юкъахь сан ваша а вара. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажас шен дахар дIаделла шен халкъ лардеш а, кхидIа долу цуьнан дахар Россица хила лууш а.

Амма 2019-чу шеран хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь «Звезда» телеканало гайтинчу «Десантура. Кто, если не мы?» фильмо шийла ойланаш кхуллу вайн денна чIагIлуш долчу гергарлонах.

Фильм дуккха а сереш йолуш ю, режиссераша Базилов Олега, Воробьев Виталийс яьккхина а ю, Житков Андрейн сценари тIехь.

Дакъалоцуш дуккха а Россехь дика бевза актераш бу: Бероев Егор, Плетнев Кирилл, Емшанов Никита, Снаткина Анна, Федулова Екатерина, иштта кхиберш а. Оцу тайппачу фильмашкахь дуьйцург, ах мукъане, бакъ хилча, дуьнен чохь цхьа а нохчи воцу дукха хан хир яра.

Оццул дукха хилла хилла-кх вайн махкахь зуламхой а, кхин а дукха хиллачух тера ду Россехь бIаьхаллин доза доцу хьуьнарш долу турпалхой а. Иштта, майра тIемаш беш Россин федеральни эскаран векалш хиллехь, иттех шарахь и тIом хIунда лаьттина-м ца хаьа суна.

СССР-о немцойн фашисташца бина тIом 1418 дийнахь-бусий дIа ма бирзинера. Советийн режиссераша цу тIамах лаьцна ца яьхна оццул дукха фильмаш, арахьарчу мостагIчуьнца беш тIом и хиллашехь. Цара яьхна фильмаш-м хьажа дог доуьйтуш, Даймахке безам чIагIбеш, дикане а, адамалле а кхойкхуш яра.

Бакъду, «Десантура» сериалан авторшна шаьш хIун дуьйцу хуучух тера дац. Шайн боккхачу Даймехкан доза мича кхаччалц ду ца хуучара хIун фильмаш йохур ю?! Цхьамма уьш кхетийча бакъахьа дара Нохчийчоь Россин субъект хиларх.

Цкъачунна цара яьхна «Десантурин» сереш вайн хьовсархойн дегнаш шелдеш а, вас совйоккхуш а ю.

А.АРАПХАНОВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: