Хой юьртахь – белхи

Веданан кIоштарчу ширачу Хой юьртахь белхи бира Нохчийн Республикин культурин министерствон, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон белахахоша а, «Ахмат», «Путин», «Кегийрхойн парламент», «Къона кадыровхой» кегийрхойн юкъараллин организацийн жигархоша а.

Iедало къаьсттина ларъеш йолчу а, наха а, туристаша а тидаме эцначу а Къоьзан-Iомана юххерчу меттигехь дIабаьхьира историнархитектурин Хой комплекс цIанъяран белхи.

Белхехь дакъалоцуш вара культурин министр Дааев Хож-Бауди а, кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса а.

Дийнахь сарралц болх бира белхех баьхкинчара. Цара къух, нехаш дIайохуш дIацIанйира, цхьана хенахь нах бехаш хилла йолу, шира хIусамаш а, бIаьвнаш а.

Иштта, цхьана метте схьагулйира оцу гIишлошна тIера охьаэгна йолу тIулгийн экъанаш. МеттахIитторан белхаш дIахьочу хенахь пайдаэца дIаехкира уьш.

– Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн гIоьнца жигара дIахьош ду республикера историнархитектурин хIолламаш а, бIаьвнаш а меттахIиттор. Ала деза хIокху исбаьхьачу метте кхочуш болу туристаш хIора шарахь алсамбовлуш хилар, – билгалдаьккхира культурин министра Х-Б.Дааевс.

Л.ДАУТОВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: