Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн пачхьалкхан университетан географин а, геоэкологин а факультетан декан Гайрбеков Iумар.

Цо совгIаташ дира дешарехь билгалбевллачу кегийрхошна а, иштта, кхитIе а долчу дешаран хьехархошна а цара аьхкенан хенахь тIекхуьучу тIаьхьенна экологин декъехь хаарш луш къахьегарна.
Аьхкенан «Эрудит» школа лерина яра дешархойн могашалла меттахIотторна а, 10–15 шераш долу бераш модулан программица Iаморна а.
КIорггера экологин хаарш луш, дегIан а, синан а дакъошкахула могашалла чIагIъеш, берашкахь кхоллараллин агIо кхиош хIокху шеран асаран (июнь) беттан 10-чу дийнахь дуьйна хьаьттан (август) беттан 10-чу дийне кхаччалц болх бира хьехархоша.
Иштта, оцу школехь ийманехь кхетош-кхиош а, Iаламца муха юкъаметтиг хила еза а, могашалла ларъян а, шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а лело деза гIиллакхаш а Iамийра дешархошна.
Эколого-биологин туьшан хьехархоша ийманехь кхетош-кхиорна, патриоталлин, Iилманан, экологин, социалан-хьехаран программашца дIадаьхьира берашна хаарш далар. Масала, «Суьрташкахь Iалам гайтар», «Кхерамазаллин бецан аптека», «Дерриге а хууш болчеран академи», «Исламан баххаш», «Биоэкологи». Школехь доьшуш 200 дешархо вара.
Цул сов, аьхкенан школехь болх бира туьшахь практикехь хиллачу Нохчийн пачхьалкхан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн а университеташкарчу студенташа.
Л.РАГИМОВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо