Бехке-м къаьркъа дара…

«Воккха стаг  беркат ду» олучарах вара Воккха-Дада. Цундела  дика-вуон Iоттаделча  наха  воьхий, вуьгура иза: «Хьо ца веача янне  а йиш  яц», – олий. ТIаккха иза  ваха а  воьдура, хамталлаш а ца  лелош, бехказлонаш а ца  лоьхуш. Вайн  шен Iасанна  тIе а  тийжаш, новкъа волура  иза, некъ  беха  белахь а, бацахь а. Дикане  кхайкхина  вигнехь а, вонна  кхайкхина  вигнехь а дийца  хьекъале  хабар хуьлура  цуьнан. Дукха  луьйш  цуьнан  Iедал а  дацара.

Тахана  а баьхкинера  нах, иза  хьашт  хилла. Кху  юьртарчу  Iумин  кIант  Iумар вара хьалхаваьлла  веанарг. Цо дийцира  шайна  Воккха-Дада стенна  оьшу. «Вайн  юьртарчу  Исрапилан а, Мусан  а ши  кIант,  къаьркъа а мелла  вовшах летта. Исрапилан  кIанта  Мусачунна  йиттина, гIиба  валлалц. ХIинца  шаьш  и дуьтур  дац бохуш, дов хьедеш  бу МусагIар. МаслаIатана хьо ца  вагIахь  гIуллакх  гена  дала  мегаш ду, цунах  юьртана  сингаттам бала  сахьт дац», – элира цо.

– Дика ду. ГIуллакх  хьем  бечохь  дац. Со хIинцца араволу  шуна», – аьлла, рагIу кIелахь динчу  цIийнан  неIарехь  къайлавелира иза. Коьрта  холхазан лекха куй а тиллина, гIовтал тIе а  юьйхина  аравелира, сонехь лаьтташ йолу Iаса схьа а  эцна.  Кхин  вист  ца  хуьлуш хьалхавелира иза. КетIахь лаьтташ  машен  яра. Цу  чу а  хевшина  дIабахара уьш. Масех минот ялале МусагIеран  кевнна хьалха  сецира  иза. Цу  чуьра  охьавоьссина  Воккха-Дада церан  уьйтIа велира: «Чохь  дуй  шу?» – хаьттира  цо, шаьш  дуй  хаийта.

ХIара  вистхуьлу  хезна Мусан кхаа  кIантах  жимах  верг  аравелира. УьйтIахь  болчарах  бIаьрг  кхетта, царна  тIевеара:

– Воккха-Дада, марша  догIий шу, – элира.

– Маьрша  вехийла, дукха  вехийла, Дела резахуьлда, – элира  воккхачу стага.

– Чу дуьйла…

– Шун да чохь вуй? – хаьттира  воккхачу стага.

– Ву.

– Хьалха  валал. И  волчу  чу  дигал тхо.

– ХIан-хIа, хьо  хьалха  валахь, Дада.

– Вер вац. Хьайга  аьлларг  де ахь.

Салам  делла, чоьхьа  велира  иза а, цуьнца  цхьаьна  болу  кегийрхой  а. Воккхачу  стагана  баьрче юьтуш неIарехьа  гIоьртира  хIусамда. Цо лелош  долу  гIиллакх  тергалдира воккхачу  стага. Цунна иза  тайра. Хьеший  охьахевшина, паргIатбевллачул тIаьхьа  цаьрга  хьал-де  хаьттира  хIусамдас. Цул  тIаьхьа йоццачу  ханна хIоьттина  тийналла  йохош,  воккхачу  стага  геннара  долийра:

– Муса, цхьаволу  стаг  кху  дуьненахь  къанваллалц  хан  йоккхий  дIавоьду, ур-аттал  шен  юьртахь  а  яккха цIе, гIуллакх  ца  дуьтуш, цхьанна а вевзина  а  воцуш. Ткъа цхьаверг  юьртахь а, махкахь а яккха  цIе а  юьтуш дIавоьду, дуьненахь  яккхинарг  дукха  хан  яцахь  а. Кхелхинчул тIаьхьа  а шен  нийсархойн, тIаьхьенийн иэсехь баха  буьсу  уьш. Муса, хIокху  керташкахь  баьхна шун  дай а, хьан  да Iийса а, цуьнан да Идрис а бара  шайх  ала  дика дош  долуш, шайн тIедеанарг  дерзо-листа хууш къонахий. Хьо  церан кIант  ву. Хьайна  тIе пIелг  хьажо хIума  ца  далийтина ахь а. Хьо юьртахь вевзаш ву. Дикачу  орам  тIера  волу  хьо  кхечу  кепара хуьлийла  а дацара. Хьох бIо  булуш  ца  хилча  тахана  со кху  керта  вогIур а  вацара.

ХIинцца,  хIокху  бераша дийцича  бен ца хии  суна  хьастаха кху чуьрчу  кIентан а, Исрапилан  воIан  вовшашца  дар-дацар, буй-тIара  хилла бохуш. Муса, ишттаниг  а  хуьлуш хуьлу. Кегийрхойн хьекъалш дац. Аьрха  бу, челакха бу уьш. Собарш дац. Вайн Iуналла а, терго а,  хьехам а оьшу  царна. Дов  а долуш  хуьлу. Амма иза  кIаргдалийта, цунах  питана  далийта мегар  дац. Цунах кхоьруш  веана  со. Веана  шун  амал  евзаш. Шу  сихдаларна кхоьруш. Аш иблисана луург даккхарна  кхоьруш.

Муса, хьуна  ас хIун  дуьйцу  дика  хаьа. Амма  суна  ца  хаьа  дерриге а. Ахь  а, хьан  оцу кIанта а суна  цунах дерг дийцича  хуур-м дара. И хаа лаьа  суна. Цкъа хьалха, хьан  пурбанца  кIанте  ладугIур дара  ас. Муьлхарниг  ву иза?

– Кху  чохь  вац иза. Дехьа  чохь  ву. Хьох бехк  лаьцна,  чу ца  вогIуш  сецна  иза, – элира  Мусас.

– Иза  чукхайкха вай? Цуьнга  ладогIа  вай? – хаьттира  Воккха-Дадас.

– Со вистхила  мегар дарий? – хаьттира  неIарехь лаьттачу  кхааннах цхьамма.

– Мегар ду, – пурба  делира  воккхачу  стага.

– Со цуьнан  воккхах волу  ваша ву. Цо соьга   а, хIокху  шен  накъосте а  дийцина   дов-дацар  муха хилла а, мичахь  хилла а. Тхан  ваша  кху  чу  вогIур  вац. Хьо а ву, Дада а  ву кху  чохь. Шуна  хьалха  а хIоьттина  дан  къамел  дац  цуьнан. Со  а  вацара  шуна  хьалха  вистхуьлу. Делахь а, аш  бохуш  хилча  хилларг  цхьамма  ца  дийцича  долий.

– Тоьар ду. Схьадийцал, ма-дарра, – тIедожийра  Мусас.

–  Кхуьнга дийцийтахьа Салмана  атта  дуьйцур ду, – шен  вешин  доттагIчуьнгахьа  дIавирзира  иза.

– Дийцал.

Эхь-бехк хетта  цIийвелира иза. Юха, юкъ-кара  толкха а эккхаш (эхь хетарна),  дийца  волавелира  Салман:

– Цхьаьна сакъоьруш,  аьлча а, къаьркъа молуш  Iаш  хилла  хIара шиъ. Дикка кеп  хиллачул  тIаьхьа  дош-дашера  даьлла. ТIаккха, хьала а иккхина,  Исрапилан  кIанта  тоьхна  кхеран  кIантана. Охьавоьжча а  ца вуьтуш, йиттина. И ду  кхарна а, суна  а  новкъадаьлларг.  ХIорш и дита  ойла  йолуш  а бац…

– Ас сайн  вешина  динарг дуьтур  дац. И кара ца  вогIуш  Iаш ву  со. Ас  сайн  декхар  цIедерзор ду, – юкъахваьккхира Салман  Мусан  воккхах  волчу  кIанта.

– Хьо сих  ма ло. Сихалла  шайтIанера  ю. Бехк  хьенан  бу, дар-дацар  стенна  тIера  дIадоладелла хьовсур  ду  вай. Бехк  хьенан  бу-м  суна хIинца  хии, – бохура Воккха-Дадас. – Бехк  кху  чуьрчу  кIентан  а  бац. Исрапилан  кIентан  а бац. (Цо и аьлча, цецбевлла  вовшашка  хьаьвсира чохь  берш. Уьш  ца  кхетара  цо  бохучух. Воккхачу  стагана а хаьара  уьш шех кхетий. Цудела  кIеззиг, соцунг1а  а  хилла, цо элира). Бехк  къаьркъанан бу!  Къаьркъа  ца  меллехь  хIумма а хир дацара. Къаьркъа зуламан  нана ю  баьхна  вайн  дайша. ХIокху  шина  кIанта,  къаьркъа  а мелла, зулам  гIаттийна. Шуна  а, ИсрапилгIарна а  сингаттам баьккхина. Кхузахь  бекхам  бохург догIуш дац. Бекхам  къаьркъанна  бан  беза.  Чохь болчаьрга  ойла  йойтуш, жимма  соцург1а  хилира  иза.  Юха  д1адолийра: – Оцу  шина  кIанте малар  дитийта деза. И шиъ куьйге  вахийта веза. Кхин  доккха зен-зулам, бохам  ца  хуьлуш  хIара  дIадерзарна  тIера, сагIа  доккхуш,  мовлад  дешийта  деза. Реза дуй  шу? – дерзийра Воккха-Дадас.

Мусас  къобалдира  цо  бохург. Ойла  йича, цо  ма-бохху  дан а дара  иза. ХIинца  кхуьнан  бераша Исрапилан кIантана еттарх кхеран толам  хила а, сий дожа а меттиг  яцара. Нахана  хIорш  муьлш бу хаьара. Иштта  хаьара  кхаьрга  декхалур  дуй. ТIаккха  кхарна гIолехь  дара маслаIатана  араваьллачо бохург  дар.

МаслаIат дан  веанчо «ХIара гIуллакх кханенга  ца тоьттуш, тахханехь дIадерзо  лууш  ву со. Шун дагахь дерг а  хаьа. Цунах  а кхета. Делахь а, шуна  луург  ца  деш,  шайтIанан букъ каглун  болу  хIума  дийр ду вай. ХIинца катоххий  ИсрапилгIаьрга  а гIой, тIедожийра цо шеца  баьхкинчу  кегийрхошна, цуьнан  кIант  схьавалавел  суна  хьалха. Ас  боху  аьлча Исрапила схьавоуьйтур  ву. Цуьнга  дийца  вайн дан хьийзош дерг».

Дукха хан  ялале  керта  валийра цуьнан кIант. Иза арахь  сацор  хьехнера  къоначарна  воккхачу  стага. Вовшах летта  ши  жимха  вовшашна  герга   валийна, цкъа  хьалха  Исрапилан  кIанте  шена  Мусан  кIант къинтIера  ваккхийтира цо, юха  куьйге  вахийтира, цхьаболу  кегийрхой  гIеххьа реза а боцуш. ТIаккха, вовшах леттачу шинна  эхь  хоьтуьйтуш, бехк  баьккхира:  «Шаьшшиъ хьенан  ву  ца  хаьа шуна? Шайн дайх эхь ца  хета  шуна?  товш  ду  тIаккха, и тIинг а мелла вовшашна  коча  вахар? Эхь ду  шуна  иштта  хилча. Эхь! ХIокхул тIаьхьа  суна  ма хазийталаш шайгара ишттаниг даьлла  бохуш. Ас  могуьйтур дац  шуна!

Цу шинна  хиира  шаьшшинга  хIун боху. Цара  дош делира  шайгара  кхин  ледарло ца  ялийта. Цара  шайн  дош  лар а дира. Исрапилан  а, Мусан а доьзалшна  юкъахь  барт, маслаIат  хилира.

С.ХАСАНОВ  

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: