Европехь хьалхеяккхаран турнирехь билгалбевлира

Дукха хан йоццуш, Краков гIалахь (Польша) дIаяьхьира 2000–2005-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Европехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара йозаллин 13 категорехь Россин спортсменаш. Россин спортсменашна юкъахь вайн республикин РСШ-н векалш бара.

Къийсадаларш ялх дийнахь дIадаьхьира.

Турнирехь хьалхара меттиг яьккхира Хакуев ИбрахIима (41кг) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШ.

ШолгIа меттиг яьккхира Магомадов Имама (38 кг) а, Берсанукаев Билала (41 кг) а – СШ №7.

КхоалгIа меттигаш – Эскерханов Iусмана а (44 кг) – Б.Эскерхановн цIарах йолу СШ, Заураев Iусмана а (68 кг) – №2 йолу СШ.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна, церан тренерш: И.Исраилов, У.Дугучиев, Х-Б.Эскерханов, М.Батаев, М.Таипов.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: