Кхоьш адамашна дуьххьара Къилба Iамаркехь евзина. Цигара кхаьчна уьш Украине а, Молдаве а, Узбекистане а, Кавказе а, Нохчийчу а, кхечанхьа а.

Нохчаша, ширачу заманашкахь дуьйна, кхачанан сурсатех санна, пайдаоьцуш хилла оцу ораматах. Кхоьш хьаьжкIашца цхьаьна а, шаьш а, думица цхьаьна а кхехкош хилла.
Вайна дага а догIуш, Iаьнан муьрехь, кест-кеста кхехкайора кхоьш. Уьш чIогIа мерза а хуьлура.
Кхоьэх йина чорпа могашаллина дика лоруш ю халкъалахь, хIунда аьлча, цуьнца алссам витаминаш а, белкеш а ю.
Кхоьшца кали а, минералан туьха а алссам хиларна царах пайдаоьцу атеросклероз йолчарна а, дагца лазарш долчарна а дарбанаш лелош. Вуьштта аьлча, кхоьш яар ду-кх царна дарба.
Цул сов, халкъан медицинехь шайн беттанашца кхехкийначу кхоьийн мутта (хи) дика ду жаннаша сагатдечарна, ревматизм, гипертони цамгарш йолчарна.
Муьлххачу кепара кхехкийна кхоьш яар пайдехь ду, лакхахь хьахийна цамгарш йолчарна санна, могашчарна а. Цундела вайн хесашкахь кхоьшна а меттиг хила еза.
ТIаьхьарчу шерашкахь дикка лахделла Нохчийчохь уьш юьйш-лелор. Иза вайна данне а пайдехь дац.
З.МАДАЕВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо