Ростовера лоьрийн тоба еана Нохчийчу

Нохчийн республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин хаамаша ма-дийццара, хIокху деношкахь вайн республике еана Дона-тIерачу-Ростовера лоьрийн тоба.

Вайн республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан цхьаьнакхийтира Ростовн пачхьалкхан медицинин университетан акушерин а, педиатрин а Iилманан-талламан институтан лоьрашца.

Делегаци вайн республике еана лоьрийн акушерийн-гинекологийн а, неонатологийн а говзалла лакхаяккхаран конференцехь дакъалаца.

– Ростовн пачхьалкхан медицинин университетан акушерин а, педиатрин а Iилмананталламан институтан говзанчаша мехала докладаш йира лоьрийн акушерийн-гинекологийн а, неонатологийн а хьокъехь. Конференцехь йийцаре йинчу теманех яра: «КТГ-диагностика. Тактика ведения» а, «Разбор клинического случая сепсиса новорожденного» а, «Неразвивающаяся беременность» а, иштта кхиерш. Вайн заманахь къоначу зударша ловчу цамгарийн хьокъехь, оьшуш а, мехала а яра хIора лоьро кечйина доклад. Нохчийн Республикин акушерин а, педиатрин а службашна доккха беркат дер ду конференцехь дийцаре мел динчух, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Э.Сулеймановс.

З.ХИЗИРОВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: