Исмаилов Абун 70 шо кхачар билгалдаьккхира

Нохчийн Республикин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо а, поэт а, гочдархо а волчу Исмаилов Абун 70 кхачар билгалдаьккхира А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь.

Вевзаш волчу яздархочун, публицистан суьйренехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Кусаев Iадиз, халкъан поэт Сейлмуханов Муса, историн Iилманийн кандидат Натаев Сайпудди, вевзаш волу журналист Арсанукаев Муса, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина, Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита, Абуца цхьаьна белхаш бина нах, накъостий, гергара нах; къона яздархой: Халикова Асет, Малакова Хеда, Муртазов Iадлан, Абубакарова ПетIамат, нохчийн къоман литератураезархой.

Цхьаьнакхетар дIахьош вара поэт, юкъараллин гIуллакххо Цуруев Шарип.

Хьалхара дош Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас элира: «Абу нохчийн къоман литература а, нохчийн мотт а кхиорехь дуккха а гIуллакхаш дина стаг ву. Цуьнан «Дош» дошам а тоьаш ю цуьнан къинхьегаман некъ бовзийта. Къоначарна масал эца дерриге а диканиг ду Абугахь. Иза оьзда, гIиллакхе ву. Иштта, оьзда доьзал а кхиийна цо. Тахана вай цхьаьнакхетаран ши бахьана ду: хьалхара бахьана – иза Абун 70 шо кхачар а, шолгIа бахьана – цуьнан поэзин керла «Предчувствие» гулар йовзийтар а. Абу литературехь къахьоьгуш, шена тIаьхьа йоккха, беркате лар юьтуш ву».

Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Кусаев Iадиза дийцира Абух лаьцна дуккха а диканиг: «Со телевидене балха хIоьттича, дуьххьарлерчу нохчийн студентех лаьцна передача еш вара со. Иштта вевзира суна Абу. 70-чу шерашкахь Яздархойн союзехь баккхийчу яздархоша къоначу яздархошна лерина семинараш а йора, хьехамаш а бора. Вайн республикехь массарна а евзара къоначу яздархойн-патриотийн «Пхьармат» клуб. Цунна и цIе тиллинарг Исмаилов Абу вара. Вайн историн хIолламаш хIаллакбеш, церан лар йойуш лелачу историкан Виноградовн мотт хьалха а баьлла, пхьарматхой националисташ бу аьлла, и клуб дIакъевлира. Нохчийн къоман дика а, оьзда а мел дерг довзуьйтуш а, доьзуьйтуш а къахьегначарех цхьаъ ву хIара. Абун кхоллараллехь суна товш дерг – цуьнан цIена нохчийн мотт бу, цо иза, иштта, хаза бийцар а, цуьнан белхашкахь нахана оьшушдерг а, дешархошна пайдехьдерг а хилар а ду».

Къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас Нохчийн Республикин Культурин министран Дааев Хож-Баудин цIарах йолу Сийлаллин грамота елира А.Исмаиловна.

Цул сов, ша Москва яхача, эцна еана, вайн махкахочун Дешериев Юнусан Iилманан болх тIехь болу мехала книга а елира.

«Абу волуш ирс ду-кх вайн. Библиотекин дика накъост ву иза. Оьшучу хенахь телефон туху оха кхуьнга, даима а гIо а до цо тхуна», – элира Сацитас.

Абух лаьцна хаза дешнаш элира «Орга» журналан коьртачу редактора Алиева Заринас а, историка Натаев Сайпуддис а, яздархочо Арсанукаев Мусас а, халкъан поэта Сейлмуханов Мусас а, Абун гергарчара а, накъосташа а.

Иллешца совгIаташ дира Нохчийн Республикин халкъан артиста Ясаев Мохьмада, Х.Нурадиловн цIарахчу Къоман театран актера Мунашев Адама.

Сейлмуханов Мусас ша Абун диллина сурт делира цунна. Абун гергарчу наха вовшахтоьхна ахчанан совгIат а дира. Къоначу яздархоша Абун байташ йийшира.

Гергарчу наха Наурузов Ахьмада а, Шовхалов Вахас а баркалла элира, шайн стаг лерина, суьйре вовшахтохарна а, нах гулбелла цхьаьнакхетарна а.

«ХIокху чохь вайн махкахь лоруш болу нах бу: яздархо Кусаев Iадиз, Ибрагимов Канта; библиотекин директор Исраилова Сацита; литературин критик Алиева Зарина. Царна а, библиотекин а, телевиденин а белхахошна а, массарна а даггара баркалла ала лаьа тхуна», – элира Абун дешичин кIанта Шовхалов Вахас.

Хаза, оьзда, самукъане, дагалецамийн суьйре хилира Исмаилов Абуна леринчу цхьаьнакхетарх.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№62, хьаьттан (август) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: