Ахьмад-Хьаьжа дага а лецира, мовлад а дийшира

ХIокху деношкахь нохчийн «Даймохк» газетан редакцехь мехала ши гIуллакх дIадаьхьира. Цкъа хьалха, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 68 шо кхочуш хиларца доьзна, «горга стол» дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Неттиев Хожа-Ахьмад а, Парламентан декъашхо, юкъараллин гIуллакххо Дадуев Мохьмад а, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта а, «Исламан зIаьнарш» газет диллина волу Заурбеков МасIуд а, ткъа иштта, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а.

«Горга стол» дIахьош хиллачу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана, дийцаре дан лерина гIуллакх а довзуьйтуш, билгалдаьккхира хIаллакьхиларан зила тIе хIоьттина хилла нохчийн халкъ кIелхьарадаккхарехь, Нохчийчоь машаран, цIиндаран некъа тIе яккхарехь А-Хь.Кадыровс лелийна мехала маьIна. Цо долийна къамел кхидIа а дIадаьхьира Х-А.Неттиевс.

Цо дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша шена юххе озорах а, цуьнгахь хиллачу Iилманах а, хьикматах а, доьналлех а, собарх а, кхечунах а лаьцна. Цо чIагIдина ма-хиллара, оцу муьрехь, Делан лаамца иза харцонна, динан мостагIашна дуьхьал гIаьттина ца хиллехь, къам хIаллакьхила герга дара.

Кхоллараллин адамашца, къаьсттина яздархошца, хиллачу Ахьмад-Хьаьжин юкъаметтигех лаьцна дийцира К.Ибрагимовс.

«Цунна дика хаьара юкъараллин ойла, кхетам кхиорехь яздархоша лелош долу маьIна. Цундела, уьш кхоллараллехь хьуьнаре беш, церан дог-ойла гIаттош гIуллакхаш дора цо. Иза, уггаре а хьалха, сайна тIехь хааделла ву со», – бохура цо.

Халкъан баьчча дагалоцуш, чулацаме къамел дира М.Дадуевс а. Юьхьанца Iеламстаг санна вевзаш хилла волу А-Хь.Кадыров халкъана орца оьшучу хенахь хьекъале политик, хьикмате дипломат, юкъараллин гIуллакххо санна вевзина а, халкъан иэсехь висина хилар а чIагIдира цо. Шен къамелехь долийра Ахьмад-Хьаьжин дахарера мехала бакъдерш.

М.Заурбековс дагадаийтира Нохчийчохь дуьххьара Исламан институт вовшахтоьхнарг а, цунна куьйгалла динарг а Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар.

Цо билгалдаьккхира журналисташца цуьнан дика юкъаметтиг хилар. Иза тIечIагIдеш дийцира шен цуьнца хиллачу цхьаьнакхетарех а, «Исламан зIаьнарш» газетан цо гIолацарх а лаьцна.

Иштта, кар-кара оьцуш, Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш, цунах даьлла беркат дуьйцуш, къамелаш дира «горгачу стоьлехь» дакъалоцуш хиллачара.

Цул тIаьхьа, кхузахь вовшахкхеттачара Дела а, Мухьаммад Пайхамар а (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) хестош, мовлад дийшира.

Д.АНАДЕВ
№63, хьаьттан (август) беттан 23 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: