Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, Россин Премьер-лигин 6-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» Санкт-Петербургехь меттигерчу «Зенитаца» левзира.
ДIадаханчу шеран чемпионца церан цIахь ловзуш болчу соьлжагIалахошна и доккха зер хирг хилар билгалдоккхура говзанчаша. Цу тIе хIокху чемпионатехь цкъа а эшна йоцу «Зенит» хьалхарчу меттехь яра, ткъа «Ахмат» – иттолгIачу меттехь.
Делахь а, дагахь доццучу кепара дIадоладелира цхьаьнакхетар. ХIусамдайн командера А.Ерохин охьатохарца бакъе талхийна волу вайн футболист Р.Уциев, цIен карта а гайтина, майданара дIаваьккхира суьдахочо ворхIалгIачу минотехь. ХIинца, хIусамдайн цхьайтта футболисташна дуьхьал ловзар тIедуьйжира хьешийн итт футболистана.
Оцу хьолехь «Зенито» бIаьрла толам боккхур бу аьлла хетара говзанчашна. Амма царна хетарг бакъдоций хаийтира Р.Рахимовн футболисташа. Бертахь коллектив хилла ца Iаш, цхьаъ хилла дуьхьал бевлира уьш хIусамдайшна.
Къаьсттина дика левзира оцу дийнахь «Ахматан» ков лардеш хилла волу Гудиев Виталий. Мел чIогIа гIертарх, я А.Сардаре а, я А.Ерохине а, я А.Дзюбе а, я Ю.Жирковга а гол ца тохийтира цо а, цуьнан накъосташа а.
Наггахь шаьш а ира тIелатарш дора вайн футболисташа. Къаьсттина жигарабевлира уьш цхьаьнакхетаран чаккхенехь. Кхераме тохарш дира «Зенитан» кевнна Исмаэл Силвас, Зоран Нижича, кхечара. ХIусамдайн кевнахо хIайтъаьлла ца хьаьвзинехь гол тохарна герга а вара тIаьхьарниг.
Цу тайппана, жамI 0:0 долуш, чекхъелира суьдахочо 6 минотана яхйина хилла матч.
Чемпионера ши балл яккха ницкъ кхечира «Ахматан». Иза кхиам лара а богIу.
Хь.САЙДАЕВ
№63, хьаьттан (август) беттан 23 де, 2019 шо