Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира Нохчийн Республикехь «Кхоамбаран поликлиникаш» проект кхочушъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Цигахь дакъалецира медико-санитарин хьалхара гIо дар кхиоран регионан туьшан белхахоша. Кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран хьалхарчу заместитела Исакова ПетIамата.
Регионан «Медико-санитарин хьалхара гIодаран система кхиор» проектан гурашкахь 2019-чу шарахь Нохчийн Республикерчу 7 поликлиникехь юкъаялош ю кхоамбаран технологеш. Уьш юкъаялош ю Соьлжа-ГIалин №1, 2 йолу поликлиникашкахь а, Соьлжа-ГIалин берийн клиникин больницин поликлиникехь а, берийн масех поликлиникехь а.
«Кхоамбаран поликлиникаш» проектан декхарш: медико-санитарин хьалхара гIо даран медицинин организацийн балхана оптимаци яр ду (харжаш мелла а кIезиг еш, пайдахилар эвсаредаккхар), дарбанна арабевллачу бахархойн хан кхоаяр ду, оьшучу лоьрана тIекхачар аттачу даккхар а ду.
– Регионан «Медикин-санитарин хьалхара гIо даран система кхиор» проект масех муьрах лаьтта. Цунна юкъадогIу медицинин учрежденешна ремонт яр а, керланиг яр а, оьшучохь мобильни медицинин комплексаш эцар а, республикехь санитарин авиаци юкъаялорна оьшуш долу хьелаш кхоллар а, поликлиникашкахь кхоамбаран технологеш юкъаялор а, – билгалдаьккхира Исакова ПетIамата.
№63, хьаьттан (август) беттан 23 де, 2019 шо