Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос дIаяьхьначу видеоселекторан кхеташонехь дийцаре дира «Берийн могашаллаIалашъяр» Къоман проект кхочушъяран хьокъехь долу.
«Берашна медицинин гIо дар кхузаманан инфраструктура кхолларца берийн могашаллаIалашъяр кхиор» Федеральни проектана лерина яра Россин могашаллаIалашъяран министерствос дIаяьхьначу видеоселекторан кхеташо.
Цигахь довзийтира проект кхочушъярехь дина гIуллакхаш. Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло а дакъалецира оцу кхеташонехь.
«Берашна медицинин гIо даран кхузаманан инфраструктура кхолларца Нохчийн Республикехь берийн могашаллаIалашъяр кхиор» программин гурашкахь масех декъехула дIахьош болх бу Нохчийчохь.
Иза, медицинин организацешкахь дай-наношца а, кхиазхошца а хаамийн-коммуникацин болх дIабахьар а ду, церан могашалла толлуш, уьш профхьажарех чекхбахар а ду.
Оцу программина юкъадогIу медицинин белхахойн говзалла лакхаяккхар а, къаьсттина, перинатологин декъехула болчу говзанчийн: акушерийн-гинекологийн, анестезиологийн-реаниматологийн, неонотологийн, педиатрийн.
2019-гIа шо доладелчахьана федеральни симуляцин-тренингийн туьшашкахь Нохчийн Республикин медицинин 62 белхахочо шен говзалла лакхаяьккхина.
Вайн республикера бер дуьненчу даларна гIо даран а, педиатрин а учрежденешкара 600 говзанча хилла медицинин белхахойн говзалла лакхаяккхаран курсашкахь.
Юьйцуш йолчу программин мехалчу декъех ду Нохчийн Республикин Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницехь берийн инфекцин корпус яйтаран гIуллакх а. Оцу объектехь цхьаболу болх бина баьлла.
Регионан «Берашна медицинин гIо даран кхузаманан инфраструктура кхолларца Нохчийн Республикин берийн могашаллаIалашъяр кхиор» программа масех муьрах лаьтташ ю, иза кхочушъяр 2024-гIа шаре кхаччалц дIахьур долуш ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№63, хьаьттан (август) беттан 23 де, 2019 шо