Карарниг Театран шо хиларе терра, Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис доккха совгIат дира Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрана.

СовгIатана юкъайогIуш яра «Форд» микроавтобус а, сцени тIехь лелочу серлонан техника а, кхиерг а.
Театран директорца, Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткица Ахмадова Хьаваца а, театран белхахошца а цхьаьнакхийтира культурин министр. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, нохчийн культура, искусство, литература кхиорехь театро мехалла меттиг дIалоцуш хилар.
– Къоман театр – иза республикин юьхь ю. Нохчийн а, дуьненахь бевзаш болчу кхечу къаьмнийн яздархойн а пьесаш тIехь нохчийн артисташа дуккха а спектаклаш хIиттийна Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театран сцени тIехь. Цундела, театрана оьшучу техникица кхачо йина хилча, болх бан дуккха а атта хуьлу. Россин кхечу регионийн къоман театраш санна, вайн театр а хила еза техникин а, технологин а, гримин а, сценин костюмашца а кхачо йолуш. Цу тIехь а вай дика ларош ду, хьалхахьа дацахь а. ХIинца, шун таро хилла, шайна дукхаезачу нохчийн а, кхечу къаьмнийн а исбаьхьаллин литературин пьесаш тIехь хIиттийначу спектаклашка хьовса Соьлжа-ГIала бахка йиш йоцчу вайн махкахошна спектаклаш гайта а, шайн машенахь даха-дахка а. Балха тIехь кхиамаш хуьлуш, диканна хохкийла аш хIара «Форд» микроавтобус! Дала аьтто бойла шун!, – элира Дааев Хож-Баудис.
Культурин министрана даггара баркалла элира къоман театран директора Ахмадова Хьавас шайн терго ярна а, балха тIехь аьтто барна а. ТIейогIучу хенахь, театран труппо республикехула гастролаш йийриг хилар а хаийтира цо.
ВЕГИЕВА Макка
№63, хьаьттан (август) беттан 23 де, 2019 шо