Россин Президента а, Премьер-министра а декъалбина Нохчийчоьнан бахархой Шелахь маьждиг схьаделларца

Путин Владимир: телефон тохар

Телефонехула Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу къамелехь Россин Федерацин Президента Путин Владимира декъалвира иза, цуьнан да, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Федерацин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 68 шо кхачарца а, Европехь уггаре а доккха маьждиг схьаделларца а. Иштта хаам бина Кремлан пресс-службо.

Шелахь «Бусалбанийн дозалла» маьждиг схьаделлар Нохчийн Республикин бахархошна боккха хилам хилар а билгалдаьккхина Путин Владимира.

Цунна хетарехь, Мухьаммад Пайхамаран (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) цӀарах долу Шелара керла маьждиг динан а, кхетош-кхиоран а туш хилла дӀахӀуттур ду.

Иштта, юкъараллехь машар а, барт а чӀагӀбарна оцу маьждиго дика тIеӀаткъам бийриг хиларх ша тешна хилар а хаийтира Россин Федерацин Президента.

Медведев Дмитрий: телеграмма яийтар

Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цӀарах долу «Бусалбанийн дозалла» маьждиг Шелахь схьаделларца Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикин бахархой а декъалбина Россин Федерацин Премьер-министра Медведев Дмитрийс.

«Лараме доттагӀий! Шелахь керла маьждиг схьаделларца даггара декъалдо шу. Архитектурин и исбаьхьа гӀишло ярехь къа мел хьегначарна а, дакъа мел лаьцначарна а баркалла ала лаьа суна. МаьӀне ду Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьллачу дийнахь и маьждиг схьаделлар нисдар. Бусалбанашна шен неӀарш схьайоьллуш долу маьждиг Европехь уггаре а доккха ду. Оцу маьждигах динан Ӏилманан а, культурин а, кхетошкхиоран а туш хирг хиларх тешна ву. Машар а, ирс а, кхиар а хуьлда шуна», – яздина Медведев Дмитрийс ша яийтинчу телеграммехь.

И.ХАСАХАНОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: