«Бусалбанийн дозалла» маьждиг а, хьафизийн школа а схьайиллина Шелахь

Хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь Шела гIалахь дIадаьхьира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах долу «Бусалбанийн дозалла» маьждиг а, хьафизийн школа а схьаелларан даздарш.

И хилам боьзна бара хIокху беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 68 шо кхачарца.

Маьждиг а, Дурди-Шайхан цIарах йолу хьафизийн школа а схьаелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Къилбаседа-Кавказан федеральни округан Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Чеботарев Сергейс, Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу Россин Президентан векала Матовников Александра, Россин регионашкарчу а, иштта Иорданерчу, Шемарчу, Кувейтерчу, СаIудийн Араверчу, Азербайджанерчу, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу, кхечу пачхьалкхийн гIуллакххоша а, Iеламнаха а.

Цкъа хьалха кхузахь схьайиллира Дурди-Шайхан цIарах йолчу хьафизийн школа. 100 берана лерина йолу и школа, шен маьждиг а долуш, Сийлахь Къуръан Iаморан дийнна комплекс лара мегар ду. Хьафизийн школа йинчу кертахь, шен хенахь, ваьхна ву Кунта-Хьаьжин цIеяххана волу мурид Дурди-Шайх.

Иштта, кхузахь совгIаташ дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин винчу денца доьзна дIакхайкхийна хиллачу Сийлахь Къуръан дешаран конкурсан толамхошна.

Цул тIаьхьа схьадиллира Европехь уггаре а доккха долу, шен исбаьхьаллица Шела гIала а, Нохчийчоь а хазйина долу, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах долу «Бусалбанийн дозалла» маьждиг.

Цхьана хенна маьждига чохь ламаз дан йиш хир ю 30 эзар стеган, ткъа гуонахара меттиг хье с апе эцча, 100 ст агана дIахIотта меттиг хир ю. Кхузахь, иштта, 12 чухчари а йолуш, йоккха парк ю, дIадийна эзарнаш зезагаш а долуш.

Кадыров Рамзанан дIадолорца маьждиг Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах хир ду. Кхузахь гулбеллачара, массара а бохург санна, билгалдаьккхира маьждиг а, хьафизийн школа а схьаеллар нохчийн къомана а, дерриге а бусалба умматана а боккха хилам хилар а, Нохчийчохь машар дIахIотторехь а, бусалба дин чIагIдарехь а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна маьIна а.

«Бусалбанийн дозалла» маьждига чохь массара а рузбанан ламаз а деш дерзийра даздарш.

Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен резиденцехь цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьира кхечу мехкийн векалшца: Шемин Iаьрбийн Республикин динан гIуллакхашкахула волчу министраца Ас-Сайид Мухьаммад Iабдулсаттарца, Дерригдуьненан Исламан лигин Коьртачу секретарца, СаIудийн Аравин паччахьан хьехамчица шайх Мухьаммад бин Iабдулкарим аль Iийсаца, СаIудийн Аравин динан гIуллакхашкахула а, Исламан кхайкхамехула а волчу министраца Алшайх IабдуллатIиф IабдулIазизца, Иорданин паччахьан коьртачу хьехамчица Хьашим бин аль-Хьусайнаца, Кувейтан эмиран векалца IабдуллахI Маттук Аль-Маттукаца, Кавказан бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочуьнца Аллахшукюр Пашазадеца, Узбекистанан Президентан хьехамчица Касимов Рустамца, ГIезалойчоьнан муфтица Самигуллин Кемал Хьазратца.

I.МУРТАЗОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: