БIешерашкахь шайн маршонехьа къийсам латтийна вайн дайша. Дуккха а турпалхойн цIераш йисина нохчийн къоман иэсехь. И сийлахь цIераш вайна массарна евзаш ю, вайх хIорамма а дозаллица хьахош ю.

Турпала Термола, Ушурма-Шайх (Шайх-Мансур), Таймин Биболат, иштта дIа генна бахбан йиш йолуш бу и могIа. Цхьана а кепара шеко йоцуш, иштта, халкъан иэсехь яха йисина нохчийн халкъан мостагIийн цIераш а. Къаьсттина боккхачу цабезамца йоккху оьрсийн паччахьан эскаран инарла хиллачу Ермоловн цIе. Доза доцу къизалла латтийна цо нохчийн лаьтта тIехь.
ХIаъ. 1819-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 14-чу дийнахь Дади-Юрт тIеман цIарца лаьттах дIаиэйинарг ву и. Карахь долчу 2019-чу шеран товбецан баттахь ши бIе шо кхочур ду цо Iожаллин дарц нохчийн ширачу юьртахь даржийна.
Заманан йохалла ерза ца туьгу чов хилла, хIора яхь йолчу нохчичун, хаддаза сих хьерчаш, цIийца лозуш, массо а ханна иэсехь яха йисина ю оцу къизаллин инзаре эрчо.
Бакъду, вайх ца Iебачу мостагIашна-м турпалхо тарвелла адамаллех хаьдда инарла Ермолов Алексей. Цунна къеггина тоьшалла ду Соьлжа-ГIалахь 1881-чу шарахь оьрсийн паччахьан Iедало инарла Ермоловна хIоллам хIоттор.
ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь Россин массо а маьIIехь чIагIделлачу советийн Iедало дIабоху кхаа бIе шарахь олаллехь хиллачу РомановгIарна, царна муьтIахь хиллачу нахана боьгIна хIолламаш. ДIабоккху Ермоловна Соьлжа-ГIалахь лаьттина хIоллам а.
Бакъду, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайн махкахь ша даржийна зулам ца тоьаш, вайх ца Iебаш хиллачу Берия Лаврентийс 1949-чу шарахь юха а дIахIоттабойту нохчашна тIехь таIзар латтийначу инарлина хIоллам. Дуккха а шерашкахь лаьтта иза харцо толарна къеггина теш хилла.
Бакъду, 1957-чу шарахь вайнах хийрачу махкара цIабирзича, къайлах-къулах, кегийрхоша цхьацца хIуманаш леладо инарлин хIолламе вайнехан болу цабезам дIагойтуш.
Цкъа-шозза оьккхуьйту хIоллам. Амма масех де далале, советийн Iедалан векалша юхатобой, нисбой шен метта дIахIоттабора иза. Иштта хилира 1989-гIа шо тIекхаччалц.
70 шарахь олаллехь лаьттина советийн Iедал доха карзахадаларх пайдаэцна, нохчийн халкъан яхь йолчу кIенташа, мехкарша дIабаккхийтира инарлина Ермоловна Соьлжа-ГIалахь хIоттийна хилла хIоллам.
30 шо сов хан дIаяьлла цул тIаьхьа. Амма инарла Ермоловга болу цабезам гIеллуш бац. Нохчийн шира Дадин-Юрт цо ягийна ши бIе шо кхочуш, къаьсттина Iеткъа вайн дайшкахь цо латтийна къизалла.
Ермолов Алексей дуьнен тIе ваьллачу Орелехь, иза цхьана ханна Iийна-ваьхначу Пятигорскехь, Минводехь хIинца а болуш бу цунна боьгIна хIолламаш. Кавказехь цо динчу «диканийн» хьокъехь йозанаш ду оцу хIолламашна тIехь.
Бакъду, цхьа а школа, больница, ур-атталла урам-некъ цо биллина ца хилча, кхета хала ду, хIолламийн йозанаша дагардийраш муьлха диканаш ду. Царна хетарг цаьргахь дуьтур ду вай.
Ткъа вайн махкара инарлина Ермолов Алексейна боьгIна хIоллам ткъеитт шо хьалха дIабаьккхина хилар вайна массарна а мерза кхаъ бу.
ГАЗИЕВА Аза
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо