Харцоно цIе тесна, хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь, ца йоьжна, гIаьттина яха.
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха!
Нохчийн Республикин гимнна юкъара ду, вайнехан къоман амал йовзуьйту и башха дешнаш. «Кавказан ткъес хилла, маршонан ага».

Цу тайппана нохчийн халкъан доьналлин а, майраллин а, оьздангаллин гIиллакхийн а лаккхара мах хадор вайгара дIадоладелла дац.
Французхойн яздархочо Дюма Александра, ерриге а Кавказехула ша чекхваьлча, хьахийнарг цхьа нохчийн халкъ ду.
Пушкин Александра воккхаверца яздо нохчийн яхь йолу кIант Таймин Биболат шена вовзарх.
Оьрсийн яздархочо Солженицын Александра ца кхоийна дерриге а нохчийн къомах ала довха дешнаш. Дуьне девзачу, кIорггера Iилма, бух боцу хIорд санна, хаарш, цIена дог-ойла, сирла кхетам болчу адамаша тIечIагIдеш ду нохчийн къоман сийлаллех а, исбаьхьачу амалийн шатайпаллех а дерг.
Иштта долчу адамех цхьаъ ву дуьненна гIараваьлла Iилманча, философ, яздархо Пятигорский Александр Моисеевич. Иза 1928-чу шарахь СССР-хь вина, кхиъна ву.
Делахь а, 1973-чу шарахь дуьйна ингалсан пачхьалкхехь Iер-вахар хилла а ву.
Пятигорский Александра чIагIдарехь, ширачу Желтойчохь желтой а, римлянаш а гучубовлале, шайн лаьмнашкахь Iийна-баьхна бу нохчий. Цхьана а мIамголашка я астагIчу Тимаре шайн лаьмнашкара ара ца бахабелла уьш.
КхидIа а Пятигорский Александра яздо: «Лаа дац ХХ-чу бIешеран юккъехь немцоша шайн орамаш нохчашна юкъахь лехар. ЦIеначу хIух (арийское племя) нохчий лорура немцоша. И бахьана а дара Сталин Иосифа уьш махках бахаран. Делахь а, нохчийн бехкцахилар хууш волчу Хрущевс цIаберзийра уьш, Делан къинхетамца. Дуьненна гуотуьйсуш, массо а маьIIехь Iилманан буха тIехь талламаш беш леллачу Хейердал Тура а чIагIдо доккхачу дуьненан дукхахйолчу цивилизацийн хьостанехь лаьттинарш кавказхой хилар. Дуьнено зурманахь буьйцу атланташ а изза кавказхой хилар а гойту шен талламашкахь Хейердал Тура».
Амма яздархочунна «кавказхой» бохучу маьIнехь и даьржина дита ца лаьа. А.Пятигорскийна дукхахйолчу цивилизацийн дай нохчий хета. Кавказан лаьмнашкахь лаьттинчу тIемаша хIаллакдина нохчийн халкъ. Цунах цхьа а шеко хуьлийла дац.
Вайн оьзда дай баьхначу лаьтта тIехь буьрса кхихкинчу тIамех цхьаъ бу XIX-чу бIешерийн 30-чу шерийн юьххьехь дIаболийнарг а.
ЖIайхара Шемал имам валале, ши миллион гергга нохчий хилла. Иза чIагIдо «Революция и горец» журнало.
1940-чу шарахь Москвахь араяьллачу «Гранат» цIе йолчу энциклопедин дошамо чIагIдарехь, 1847-чу шарера 1850 шаре кхаччалц, тIеман цIергахь нохчийн халкъ ах сов хIаллакьхилла.
Ткъа 1860-чу шарера 1917-чу шаре кхачале, хиллачух доьалгIа дакъа а ца дисина.
Н.Волковас 1973-чу шарахь Москвахь арахецначу «Этнический состав населения Северного Кавказа в XIX веке» книгин автора чIагIдарехь, имам Шемал йийсаре воьдучу хенахь, дай баьхначу лаьтта тIехь даха дисина нохчийн халкъах долу стаг, зуда, бер – 140 эзар бен ца хилла.
Ткъа 1867-чу шарахь и терахь 116 эзарне охьадаьлла. Царна юкъа богIуш бац махках бевлла мухIажарш.
Делахь а, вай кхета деза, ирсечу дахарх къаьхкина уьш мухIажарш бевлла цахиларх. КхидIа дах ца дича а, гуш ду мел боккха «пайда» баьлла вайна имам Шемал хьалхаваьлла бинчу тIамах.
Кхин цхьа хIума ду сан садууш, 25 шарахь цаьрца тIом латтийначу бIобаьччано, итт шо кхачаза волу шен воккхахволу кIант Жамалди 1834-чу шарахь инарла Граббе Павел Христофоровиче Петарбухе дIа хIунда вигийтина?
Хала ду Жамалди оьрсийн инарлин йийсархо хилла ала. Оьрсийн элийн а, эпсарийн а бераша доьшучу кадетийн корпусехь доьшуш хилла Граббес дIавигна Шемалан кIант.
Цул тIаьхьа, оьрсийн эскаран могIаршкахь туркашна дуьхьал тIом беш а хилла Жамалди.
Суна хетарехь, цо гойту Шемалан ямартло. Нохчийн халкъ хIаллакдина ваьлла ша, аьлла хеташ ваханий-те имам йийсаре?
Мел чIогIа ойланашка йийларх, цхьана а кепара имам Шемалера нохчашна баьлла «пайда» суна ца го. Зен-м дина цо даге лан ца даллал. Кхачадаларан зила тIе далийна-кх цо нохчийн халкъ.
Цуьнга а ца лалуш хилла хир ду-кх Нохчийчоь «Кавказан ткъес хилла, маршонан ага» хилар…
А.АРАПХАНОВА
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо