Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин гIоьналлин фондо Мьянмерчу мухӀажаршна деш долу гӀо цхьана денна а соцуш дац.
Бангладешан дозанца дӀатарбеллачу оцу мисканашна хица кхачояран Ӏалашонца 50 хи доккхийла а, 20 тонна барамехь хи латторан 3 яй а хӀоттийна.
Цул сов, 450 гӀу чу карарчу хенахь хи схьаозаран насосаш хӀиттош ю.
МухӀажарийн лагершкахь къахьоьгучу 100 имамана гӀо дина, иштта, меттигерчу хьуьжаршкахь доьшучу 2 эзар мутаIеламна духар а, 3 эзар Сийлахь Къуръан а эцна.
Тодина а, цӀиндина а даьлла 10 маьждиг.
ДарбанцӀеношна а ду доккха гӀо деш: латтош ду молханаш а, иштта, дархошна а, цергийн лоьрашна а оьшуш болу гӀирсаш а.
Схьайиллина эзарнашкахь бераш Ӏаморан школаш а. Цигарчу дешархошна дешаран гӀирсашца кхачо йина а, тӀе-кога латтийна а ца Ӏаш, дийнахь шозза яахӀума а ло, ткъа хьехархошна хӀоттийна а, дӀалуш а алапа ду.
Мьянмерчу мухӀажаршна иштта доккха гӀо-накъосталла кхечу фондаша я юкъараллин организацеша хӀинццалц дина дац.
Билгалдаккха догIу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин гIоьналлин фондо иштта гIо, Шемарчу бахархошна а деш хилар.
И.АДАМОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо