Харжамийн каппашкара цIеялийтаран кхерамазалла толлуш ю

МЧС-н республикехула йолчу Коьртачу урхаллин тергонан органаша толлуш ю харжамийн каппашкара цӀеялийтаран кхерамазалла.

Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Залаев Резвана билгалдаккхарехь, толлуш ю 18 юьртахь йолу 34 харжамийн куп.

Еккъа цхьа цӀеялийтаран кхерамазалла теллина ца Ӏаш, хӀора а куьпахь цӀеяйаран техника тӀейогӀийла, цӀеяйаран хи латтор, цӀеяйаран автоматикин системо болх бар, и.дӀ. кх.а ду толлуш.

Цул сов, харжамийн каппашкарчу жоьпаллечу белхахошца еш инструктажаш а ю, иштта, Ерригроссин харжамийн цхьааллин дийнахь республикехь харжамаш дӀабахьаран 34 куьпахь ха деш цӀеяйархойн тобанаш а хир ю.

Товбецан (сентябрь) беттан 8-чу дийнахь 18 юьртахь меттигерчу Депутатийн кхеташонан векалш харжаран харжамаш дIахьург хилар дагадоуьйту: Гуьмсан кIоштахь) Гезлой-Эвлахь, Хошкалдахь; Курчалойн кIоштахь) Iаларой-Эвлахь, Аьхкинчу-Борзехь, Гелдаганахь; Теркан кIоштахь) Бена-Юьртахь, Маканехь, Макан-Отарахь, Горга-ХитIехь, Iели-Юьртахь, Лакха-Неврехь; Невран кIоштахь) Чернокозовохь, Салт-ГIалахь; Шелан кIоштахь) Гермачигахь, Мескер-Эвлахь, Сиржа-Эвлахь, Чуьйри-Эвлахь; Грозненски кIоштахь) БердкIелахь.

Цул сов, Грозненски кӀоштан Депутатийн кхеташонехь тӀеэцначу сацамца нийса а догӀуш, товбецан (сентябрь) беттан 8-чохь меттигера харжамаш а дIахьур бу – вуьшта аьлча, Грозненски кӀоштан доза хийцаран хьокъехь йолу референдум.

Оцу дийнахь ГӀуларерчу бахархошка хоттур ду, «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, ТӀехьа-Мартан кӀоштах дӀакхета лаьий шуна?» аьлла.

Йоккхачу АтагӀан бахархошка – «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, Хьалха-Мартан кӀоштах дӀакхета лаьий шуна?» аьлла.

ЧӀишкарчу а, Лаха-Варандарчу а, Дочу-Борзерчу а, Яраш-Маьрдерчу а бахархошка – «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, Шуьйтан кӀоштах дӀакхета лаьий шуна?» аьлла.

И.ХАНОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: