Нохчийчуьра боцца хаамаш

14 млн. сом зен хилла нохчийн энергетикашна

Нохчийн энергетикашна, бахархоша а, тайптайпанчу организацеша а ток лечкъорца доьзна, 14 млн. сом зен хилла карарчу шарахь. Карарчу шеран чекхбаьллачу 7 баттахь 641-зза гучудаьлла ток лечкъор – 4,8 млн. кВт с. я 13,8 млн. соьмана.

Энергетикаша хаам ма-барра, «Чеченэнерго»-н говзанчашна гучудаьлла 457 меттехь (7,4 млн. соьмана зен), лоруш а йоцуш, ток лечкъор а, иштта, 214 меттехь (6,4 млн. соьмана зен), энергетикашца бина барт а боцуш, токах пайдаэцар а.

Ток лечкъоран буха тӀехь гулйина материалаш бакъонашларъяран органашка дӀаелла.

ГIирсаш дIахIиттош бу «Казбек» технопаркехь

Шелан кӀоштахь ечу «Казбек» технопаркехь дӀахьош бу гӀирсаш дӀахӀитторан а, нисбаран а белхаш. Оцу Ӏалашонца республике баьхкина бу «WEHRHAHN» компанин белхахой. Технопаркехь мел хир йолчу процессашна программаш нисъярехь а, автоматика хӀотторехь а къахьоьгу цара.

Берриге а белхаш чекхбевллачул тӀаьхьа, «Казбек» технопарк 4 заводах лаьтташ хир ю.

Карарчу хенахь, оцу 4-ннах 1 завод болх беш ю – кира баккхаран завод ю юьйцург.

Эсаран (октябрь) беттан 5-чохь кхин а 1 заводо болх дӀаболор бу – ГӀишлошъяран декъехь лелочу декъачу иэдарийн завод.

Гепатит цамгар ерш уггаре а кIезиг бу Нохчийчохь

Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствос бинчу хаамца тӀаьхьарчу 5 шарахь гепатит цамгар кхеттарш 130 эзар стагана алсамбевлла Россехь – 2018-чу шарахь и цамгар 1 млн. сов стагана яра Россехь.

Оцу цамгарца бала хьоьгуш болу бахархой уггаре а кӀезиг бу Липецкан областехь, ГӀалмакхойчохь, Нохчийчохь, ткъа уггаре а дукха – Чукоткин, Ямалийн-Ненцийн автономийн округашкахь а, Магаданан областехь а.

Иштта сурт хӀоттадо Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствос арахецначу статистикин гуларехь.

И.ИСЛАМОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: