Некъан-транспортан масех бохам хилла

Невран кIоштахь, «Моздок – ГIизлара» автомобилийн новкъахь, Макне-ГIала а, Савельевски а ярташна юккъехь, «ВИС» автомашенахь вогIуш хиллачу Мирни юьртан вахархочо шен автомашен тIетоьхна 46 шо долчу зудчунна.

Хиллачу чевнех зуда циггахь кхелхина.

Грозненски кIоштахь ши автомашен вовшах а кхеташ, некъан-транспортан бохам хилла: «Соьлжа-ГIала – Шуьйта» автомобилийн некъан 9-чу километрехь, Шинасуьйра-Юкъ юьрта чувулуччохь, вовшахкхетта «Камаз–780401» а, «Фольксваген Поло» а автомашенаш.

Автомашенашна урхалла деш хилла 1968-чуй, 1996-чуй шерашкахь вина волу республикин ши вахархо.

Некъан-транспортан бохамехь лазийна «Фольксваген Поло» автомашенан водитель. Иза Соьлжа-ГIалин клиникин больнице вигна, цигахь цунна медицинин гIо дина.

Иштта, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь вовшахкхетта «Лада-Гранта» а, «ВАЗ–21112» а автомашенаш.

Бохам хилла «Лада-Гранта» автомашенан водителан бехкенна. Иза, хьалха а ваьлла, дуьхьалбогIучу новкъа ваьлла, урхаллица лара а ца вина, цо шен автомашен «ВАЗ–21112» автомашенна тIетоьхна.

Некъан-транспортан бохамехь лазийна 1977-чуй, 1995-чуй шерашкахь вина волу Грозненски кIоштан ши вахархо Соьлжа-ГIалин клиникин больнице вигна.

Оцу некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу.

Таллам дIахьош бу.

I.АДЛАНОВ
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: