Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь Ерригроссин «Тотальни ЕГЭ» дешаран акци дIаяхьа лерина товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь Россин 18 гIалахь: Москвахь, Соьлжа-ГIалахь, Одинцовохь, Санкт-Петербургехь, Екатеринбургехь, Назранехь, Тольяттехь, Краснодарехь, Буру-ГIалахь, Ярославлехь, Дона-тIерачу-Ростовехь, ХIинжа-ГIалахь, Нижни Новгородехь, Мурманскехь, Воронежехь, Сургутехь, Владимирехь, иштта, онлайн акци ерриге а Россехь дIахьур ю.
«Тотальни ЕГЭ» акци дIахьош болчеран Iалашо ю экзаменан кеп йовзийтар а, оцу экзаменехь баллаш яхар муха хуьлу гайтар а, школин предметашкахула долу шайн хаарш зер а, экзаменехь долчу беран дог-ойланах кхета хьажар а.
Доцца аьлча, хаарийн де санна хир ду «Тотальни ЕГЭ» дIаяхьаран де.
Оцу акцин жамIаш товбецан (сентябрь) беттан 14-чу дийнахь дийр ду, оцу дийнахь йовзуьйтур ю 100 балл яьккхнчеран цIераш.
Акци дIахьур ю дешаран «MAXIMUM Education» компанис федеральни дешаран «Новигатор Поступления» гайтамца цхьаьна.
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо