Доклад йира дуьненаюкъарчу конгрессехь

Нохчийн Республикин берийн стоматологин поликлиникин коьртачу лоьро Ахметханов Сайд-Мохьмада дакъалецира Японерчу Нагойя гIалахь дIаяьхьначу балдан а, стигалан а дотIанийн Дерригдуьненан ассоциацин дуьненаюкъарчу конгрессехь. ХIинцалерниг 13-гIа конгресс яра.

Вайн махкахо, вевзаш волу юьхьан-мочхалан хирург-стоматолог Ахметханов Сайд-Мохьмад 2015-чу шарахь дуьйна дакъалоцуш ву оцу конгрессашкахь, ткъа докладчик санна, хIокху шарахь дуьххьара хилла ву цигахь.

Сайд-Мохьмада йинчу докладан цIе «Нохчийн Республика кхиоран новкъахь балдан а, стигалан а дотIана долчу берашна медицинин леррина гIо дар» яра.

Дуьненахь бевзаш болчу лоьраша, юьхьан-мочхалан хирургаша, ортодонташа, стоматологаша, педиатраша, генетикаша, логопедаша боккхачу тидамца ладуьйгIира докладе.

Дуьненчу довллушехь балда я стигал яьттIа долчу берашна церан дахаран хьалхарчу шерашкахь а, дукха хьолахь, хьалхарчу беттанашкахь а, ян еза чолхе операцеш яр а, церан дай-наной дог-ойланца чIагIбан а, хинйолчу операцешна кечбеш дIахьочу балхах кхетор а – мехала гIуллакх ду юьхьан-мочхалан хирургин декъехула йолу туьшаш хилар.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин а, Ахметханов Сайд-Мохьмадан Инстаграм сетехь йолчу шен агIонехь а бинчу хаамашца доккха беркат даьлла цунна оцу конгрессах.

«Вай кхочушбинчу белхан коьрта жамI – иза вай дуьненаюкъарчу тIегIанехь болх бан Iамар ду», – дуьйцу С-М.Ахметхановс, – дозанал арахьарчу медицинин туьшашца уьйраш тесна. Масала, немцойн цхьана клиникин куьйгаллица барт хилла, белхан зеделларг вовшашна довзуьйтуш, проект кхочушъян. Вайн медицинин учрежденешкахь дIахьочу балхана оьшур ду и тайпа зеделларг».

Медицинин конференцеш дIаяхьар, цигахь дакъалацар, зеделларг IаIорал а сов, керла гергарлонаш, зIенаш тасар а ду, дуьненан медицинин хьаьрмахь хуьлучу керлачунна декъахь хилар а ду.

Ахметханов Сайд-Мохьмад санна куьг-говза хирург-стоматолог вайн хилар доккха хIума ду. Иза Россехь а вевзаш ву берашна чолхе операцеш ярца.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: