Некъан бохамо хийцина дахар

Дахар… Ма атта ца хилла хьан маьIнех кхета… Сайн дахар шина декъе декъаделча санна хета суна: со могаш волу хан а, со заьIапхо висинчул тIаьхьа йолу хан а. Дукхахберш ца кхета дахаран маьIнех. Иштта со а ца кхетара. Цхьа хIума шена тIеIотталлалц цунах кхеташ а ца хиллера…

Бакъдерг дийцича, со жимчохь гуттар а харцахьа лелара, къаьсттина школехь. Цхьаммо вуон дерг дича а, «Iаьрбис дина хир дара иза-м», олура хьехархоша. Делахь а, дика-м доьшура ас. Со 10-чу классе ваьлча, тхан классан куьйгалхочо староста хIоттийра со. ТIаккха цо сайна тешам баларх чIогIа хазахетар хилира суна. Харцахьа лелар а дитира ас, дешарна ойла а тIейирзира сан. Бакъдерг дийцича, хьехархочо со староста хIунда хаьржина хилла хIинца а ца хаьа. Тхан класс сайх тешийна хиларна, со царех жоьпалле вуй хаьара суна. Хьалха суо харцахьа лелаш хиллехь а, со староста хIоттийначул тIаьхьа ишттаннаш кхето гIерташ хуьлура. Школехь доьшучу тIаьхьарчу шина шарахь гIеххьа хийца а велира со (дикачу агIор). «Iаьрби, ма лела вуон», бохуш хиллачу хьехархоша а, завуча а хаставора со. Суна цунах боккха кхаъ а хилира. Иштта школа чекхъяьккхира ас. ТIаккха тхан школин директора оццу школе балха кхайкхира со. Цхьана шарахь болх бира ас школехь.

Сан дахарехь дерриге а дика дара, амма… Со къона а вара, цундела хьуьнаре а, дахарех чIогIа самукъадолуш а вара. Спортаца гуттар а гергарло леладора ас. Къинхьегамца ца даьлла де эрна дайна хетара суна. ТIаьхьарчу хенахь валаран ойланаш дукха йора ас. Дахаран хьокъехь цхьа тамашийна хаттарш кхоллалора сан. «Везан Дела, адам стенна кхоьллина ду-те, мел дика кIант а, мел дикачу ненан ийманехь кхиийна доьзалхо а, къона верг а кхелхаш хилча?!», – олий. ХIинца ойла йича, хIетахь суо дуьненан рицкъанна тIаьхьа ваьлла лелаш хилча санна хетало. Соьлжа-ГIалахь балха а хIоьттина, деша хIоьттира со. Сайн 20 шо хан бен йоцуш, балхахь а волуш, доьшуш а волуш, сайн дерриге а дика долуш суо чIогIа ирсе а хетара. Да-нана а могаш ду, ваша а, йижарий а бу, дика накъостий а бу. Ламазца а, мархица а ву. Доккха ирс хиллера иза. Амма и зама гена ца елира…  Университетехь сесси йолуш тIаьхьарчу экзамене ваханчуьра цIа ваха араваьллера со. Лергаюхкурш а йоьхкина некъ ца хадабора ас цкъа а. Ткъа цу дийнахь хадийра. Ма-дарра аьлча, хадо ца кхиира… Некъа улле а вахана, светофоран баьццара бос латталц собар а дина, и хьалалетташехь дIаволавелира со. КхидIа Iаьржа бода хIоьттира сан бIаьргашна дуьхьал. Серло яцара, цхьа а гIовгIа а ца хезара суна. Наб кхетча санна хетара. Наха ечу гIовгIана самавелира со, амма со мичахь ву ца хаьара. ДIахьаьжча, цу дийнахь ас некъ хадийна а ца хилла, вуьшта аьлча, ца кхиъна… Суна-м со самаволучу хенахь со набарха самаволуш ву моьттинера, ткъа иза а иштта ца хилла. Некъан бохам хиллачул тIаьхьа, кхетамехь воцуш цхьана баттахь Iиллина хилла со. Ткъа со самаваьлча, соьга дийцира хиллачух лаьцна. Цара хIун машен юьйцу, цара дийца а хIун дуьйцу техьа?! ЦIахь дIавижна ма вара со, боху ойла коьрте хьийзара. «Хьуна дага ца догIу», – бохуш лаьттара лор. Иштта кхийтира со суо больницехь хиларх. Дош ала хьожура со, амма ца алалора. Цхьана баттахь Iиллира со больницехь. ТIаккха тхуна цIа даха пурба  делира. Кхин когаш тIе ира ца хIоьттира со. Иштта висира со заьIапхойн гIудалкхи чохь. Цхьаболчеран хаттар кхолладала там бу, «заь1апхойн гIудалкха чохь висича хIун ойла хуьлу техьа?!», – аьлла. Шена тIе хIоьттича бен цунах кхетар а вац (Дала ма кхочитийла и саннарг цхьанна а тIе). Хала хиллера иза… Мала хи дезча, стака буйна а ца лацалора, куьг меттах ца даккхалора, оьшург ала вист а ца хилалора. Баккъал а хала хиллера иза. Тхан нанас а, вашас а абатца жим-жима элпаш Iамийра суна. Иштта къамел дан а волавелира со. Куьйгаш меттах даха а долийра. Иза суна боккха кхиам хетара.

Исс бутт баьллачул тIаьхьа тхан дас суна операци ян лор лехира. Тхан дас иза аьлча, оцу миноташкахь иза гIан ду я баккъал ду ца хаьара суна, оцу тайпана хазахеттера суна. Тхан дас-нанас дийцарехь, 7 сохьтехь йина хилла суна и операци. Лоьро шен болх дика бина хиларан цхьа шеко а яцара (Массара дика вуьйцуш вара и лор), амма со когаш тIе ца хIоьттира… Сан Iехавалар эрна хилла хиларх кхийтира со. Суна цунах теша ца лаьара. ЧIогIа хала дара суна и лан. Иштта, и операци чекхъяьллачул тIаьхьа цIа валийра со. Товаларх тешам байра, дуьнен чохь ваха а ца лаьара суна. Сайн дена-нанна сайх бала бан хIетте а ца лаьара. Со могаш волу хан бIаьргашна дуьхьал лаьттара, хIетахь хилларш дагаоьхура. Легашкара халахетаран, дахарна оьгIазвахаран шад дIа ца болура. Цхьа хан яьлча суна хабар хезира, со тIехьийзина волу тхан юьртара йоI нехан цIен тIе яхна аьлла. Цу дийнахь къаьсттина дахаран ойла йира ас. Адам могаш мел ду а, цуьнан аьтто мел бу а нехан цуьнца ларам а хуьлу, иза нахана эша а оьшу. Адамана тIе бохам хIоьттича-м иза цхьанна а оьшуш ца хиллера (шечарна бен).

Куьйгаш а, пIелгаш а лелалуш хиларна сайн сагатдаларна компьютер тIехь хан йоккхура ас. «Кхин ас хIун дийр дара, корехула аре бен кхин ган хIума а ца хилча», – олий хетара суна. Иштта, цхьана дийнахь компьтера хьалха Iаш, интернета чохь социальни сета чохь язйина статус гира суна: «Интернета чухьажаре терра, и санна хIоразза а ахь Къуръан схьадоьллуш делхьара, хьох тоххара хьафиз хилла хир вара», – аьлла. Оцу дешнаша со ч1ог1а ойлане ваьккхира. Ойлане ваьккхина а ца Iаш, сан дахар хийцира ала мегар ду. ХIунда аьлча дахаран маьIнех эццахь кхийтира со. Делан къинхетамца, накъостийн гIоьнца Къуръан Iамо волавелира со. Накъостех дерг аьлча-м, суна моьттачул а дика накъостий хилла хиллера сан. Со заьIап висича, соьга хьажа дукха адам ихира. Тахана а сан накъостий денна аьлча санна со волчу бог1у. Дахаро гатдинчу сан дагна мелла а дегайовхо яра иза. Дукха хан йоццуш Дагестанерчу вевзаш волчу лоьро мелла а дарба дина суна.

Некъан хьовзам хилла, со заьIапхойн гIудалкха чохь висина 3 шо хан ю. ХIинца ас сайга хаттар до: «Дохко ваьллий техьа со, оцу дийнахь айса некъ хадорна?!». ВаллахIи со дохко ма ца ваьлла. Дахаран маьIна хIун ду-те, со хIокху дуьнен чу валаран а, сан дахаран а Iалашо хIун ю-те?!», – бохуш долчу хаттарша синтем ца буьтура сан дагчохь. Ткъа хIинца оцу хаттаршна жоьпаш карийна суна. И жоьпаш динехь карийна суна. АллахI-Дала кхоьллина ду вай зиэн. Иштта со кху дахарх кхетийта Дала сайна елла цамгар хета суна.

Зама сихъелла йоьдуш ю. Дуьненан рицкъанна тIаьхьа а даьлла лела адам. Иштта лелча ца довлу вай. Далла Iамал ян еза вай, хастам бан беза. Дала суна хIара цамгар ялар суна доккха совгIат хета, хIунда аьлча, и бахьана долуш со кхетта дахаран маьIнех… АлхьамдулиллахI!

ДУНДА ХАСИ-IАБДУЛЛАХI

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: