«Орфей» конкурсан толамхой

СССР-н халкъан артистана Магомаев Муслимана лерина дуненаюкъара «Орфей–2019» II-гIа фестиваль-конкурс дIаяьхьира Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь.

Нохчийн Республикин культурин министерствос Россин Федерацин культурин министерствон гIоьнца дIаяьхьира иза. Конкурс шина муьре екъна яра.

Конкурсехь дакъалаца луучара видеокийсакаш яийтарца хьалхара мур асаран (июнь) баттахь дIабаьхьира.

ШолгIачу, очни кепарчу муьрехь, дакъалаца хьакъберш хаьржинчул тIаьхьа, хьаьттан (август) беттан 15–17-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьира.

Россин субъекташкара а, кхечу пачхьалкхашкара а 18 шарера 35 шаре кхаччалц хенаш йолуш вара конкурсан 50 дакъалацархо (музыкин кхерчашкара студенташ а, культурин белхахой а).

Конкурсан «Сольное исполнение» программин дакъалацархой, хенашка хьаьжжина, кхаа тобане бекъна бара: 18–22 шераш дерш, 23–27 шераш дерш а, 28–35 шераш дерш а, ткъа ансамблан программехь 18–25 шераш долуш а, 26–35 шераш долуш а ши тоба яра. М.Могамаевн классикин а, эстрадин а репертуарана юкъара иллеш дара конкурсанташа дIаолуш дерш.

Жюрехь вара Россин а, Украинин а хьакъволу артист, дуьненаюкъарчу конкурсийн лауреат, Москван Е.Колобовн цIарахчу «Новая опера» театран солист, профессор, вокалан хьехархо Шеремет Сергей, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу гIуллакххо, культурин министран заместитель Мелькиев Рустам, иштта кхиберш.

«Орфей» конкурсан коьрта Iалашо яра Нохчийн къоман дозалла долчу, СССР-н халкъан артист волчу Магомаев Муслиман кхолларалла тIекхуьучу къоначу чкъурана йовзийтар а, Россин регионийн а, кхечу пачхьалкхийн а эшарш лакхаран похIма долчу берашкахь вокалан искусствон кхолларалла гучуяккхар а, кхиор а, берашка вовшашца доттагIаллин уьйраш тасийтар а.

Россин Федерацин культурин министерствон ахчанан гIоьнца дIаяьхьначу конкурсан толамхошна хIокху кепара совгIаташ делира: Гран-При – 100 000 сом; I-чу даржан лауреатана – 60 000 сом, II-чу даржан лауреатана – 40 000 сом, III-чу даржан лауреатана – 30 000 сом. Толаме ца кхочуш бисинчарна конкурсехь дакъалацарна дипломаш делира.

Гран-При совгIат даьккхира Коми Республикин векала А.Петровс, I-чу даржан лауреат хилира Нохчийн Респибликера А.Умаев, II-чу даржан лауреаташ А.Юрковский (ГIирма Республика), С.Антаков (Свердловскан область), III-чу даржан лауреаташ М.Антакова (Свердловскан область), А.Шовкуев (Адыгейн Республика) хилира.

Конкурс лаккхарчу тIегIанехь дIаяьхьира.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, совгIаташ дIа а луш, дакъалбира конкурсан толамхой, иштта, конкурс дIахьош гIо-накъосталла динчарна а, конкурсан дакъалацархошна а баркалла элира министра.

ВЕГИЕВА Макка
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: