Ингалсан меттан хьехархой хаарш тIедузуш бу

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствона а, Россин Федерацин «Просвещение» Академина а юкъахь йолчу проектан гурашкахь Соьлжа-ГIалахь Ю.Дешериевн цIарахчу Лингвистикин школехь Нохчийн Республикин ингалсан меттан хьехархойн говзалла лакхаяккхаран методикин курсаш дIаяьхира.

И проект Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца кхочушъеш ю вайн республикин хьехархойн хаарш кхузаманан дешаран стандарташца а, лехамашца а догIуш хилийтаран Iалашонца.

Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службин хаамашца, нохчийн хьехархой Iамош бу Россин Федерацин дешаран хьаьрмин сийлахьчу белхахоша а, доккха зеделларг долчу хьехархоша а.

Царна юкъахь ю Тверь гIалин №2 йолчу гимназин кхечу къаьмнийн меттанийн кафедрин заведующи, Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахо, ОГЭ-на, ЕГЭ-на кечамбаран Iаматийн автор Ёлкина Ксения, Москварчу хьехархойн университетан ингалсан меттан хьехархо Бандурина Вероника, кхечу къаьмнийн меттанийн «Alibi School» школин ингалсан меттан хьехархо Федотова Наталья, Москва гIалин хьехархойн университетан ингалсан филологин кафедрин доцент Фетисова Анастасия, Москва гIалин №1504 йолчу ЮНЕСКО школин немцойн а, ингалсан а меттанийн хьехархо Ходкевич Татьяна, ингалсан меттан хьехархойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан лектор Гимадеева Зульфия, Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахо Быкова Надежда.

З.ХИЗИРОВА
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: