ХIора шеран ламаст хилла дIахIоьттина Нохчийн Республикин нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин декъашхоша А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь цхьаьнакхетар дIадахьар.
РогIера цхьаьнакхетар хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь хилира. Делахь а, хIара цхьаьнакхетар башха дара, цига веанера Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра «Хьехархойн а хьехархо» аьлла цIеяхана йолу нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахо Вагапова Асет а, ткъа иштта, Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкара а, луларчу Дагестанера а нохчийн меттан а, литературин а хьехархой а.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира дIадаханчу дешаран шарахь нохчийн мотт Iаморехь бинчу белхан жамIаш а, тIедогIучу дешаран керлачу шеран Iалашонех дерг а. Школашкахь нохчийн мотт хьехарехь нислучу халонех а, нохчийн меттан урокийн сахьтех а, кхиамех а лаьцна дийцира хьехархоша.
Дагестанерчу хьехархойн гIуллакхаш а тидамаза дуьтуш дац Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала.
Дагестанерчу хьехархоша жигара дакъалоцу Нохчийн меттан денна леринчу конкурсашкахь а, ткъа иштта, Хьехархойн де билгалдоккхуш а Байханов ИсмаьIал, беза хьеший тIе а оьцуш, литературица а, кхидолчу совгIаташца а догъэца хьожуш ву церан.
Нохчийн меттан хьехархочо дIахьош болу болх мехала бу дешархочух а, шен махках а, маттах а дог лозуш гражданинпатриот кхиоран новкъахь.
Байханов ИсмаьIал, ша а нохчийн меттан хьехархо хилла хиларна, дика кхеташ ву нохчийн мотт берашна марзбарехь а, хьехархоша иза хьехарехь а лелочу маьIнех.
Цхьаьнакхетар аьхна, дог-ойла гIаттош хилира, нохчийн гIиллакхехь хила ма-деззара, шуьнехь дош а олуш.
З.ХИЗИРОВА
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо