ХьожайогIу буц вайн лаьмнашкахь а, лаьмнийн кIажошкахь а ган тарло. Медицинехь цунах пайдаоьцу бронхит, пневмони цамгаршна дарбанаш деш а, садеIар тодеш а, зорхиначуьйрашна дарба деш а.
Иштта, хьожа йогIучу бецах кечдина молха (мутта) дика ду ангина, ларингит, тонзиллит цамгарш йолчарна. Ткъа молха иштта кечдо: якъийначу 10 грамм хьожа йогIучу бецашна 1 стака кхехкийна хи тIедутту.
Иза 30 минотехь хинан ной чохь кхехкадо. Цул тIаьхьа, шел а долуьйтий, дийнахь 3–5-зза молу цхьацца-шишша боккхачу Iайгахь цкъа а молуш.
Халкъалахь уггаре а дика евзачу ораматех цхьаъ ю хьожа йогIу буц. Иза хьалха вайн дай-наноша чайн метта молуш хилла, цара иза исс цамгарна дарба лоруш хилла.
Уггаре а хьалха цара иза дика молха лоруш хилла йовхаршна дуьхьал. И чутесна шура молуьйтуш хилла йовхарш йолчуьнга.
Дагца лазарш долчуьнга оцу ораматан орамаш кхехкийна хи молуьйтуш хилла.
Корта лозуш волчунна дарба деш, жимачу цIартIехь дуккха а кхехка а йой, хьожа йогIу буц, цунах межарг бой, хьетIе юьллуш хилла.
Оццу Iалашонца хьожайогIу буц а, моьжиг а (спорыш – птичья гречиха), кхотIа а (клевер), шалмаз а (прополис) цхьаьна а иэйой, кхузза коьрта тIе юьллуш хилла, хIора 2–3 де мел дели.
Наггахь цунна тIе дама тухуш а хилла.
З.МАДАЕВА
№64, хьаьттан (август) беттан 27 де, 2019 шо