Кхана, хьаьттан (август) беттан тIаьххьарчу дийнахь, ГаланчIожахь схьадоьллур ду юхаметтахIоттийна маьждиг. Иза 150 стагана лерина ду. Оццу меттехь 2 бIешо хьалха а лаьттина маьждиг, кхечу маьждигашлахь коьрта ларалуш а долуш.

Маьждиг меттахIотторехь къахьегнарш а, харжаш йинарш а галай тайпанан векалш бу. Оцу тайпанан векала Дашлакаев Iелас билгалдаккхарехь, маьждиг меттахIотторан белхаш шина баттахь бира.
Делан цIа схьаделларехь дакъалаца тарло кIоштан а, республикин а тIегIанерчу хьаькамаша, юкъараллин гIуллакххоша, цIеяхханчу Iеламнаха, иштта, шайн орамаш оцу кIоштара долчу бахархоша а.
Карара шо, хууш ма-хиллара, ГаланчIожан шо ду аьлла, дIакхайкхийна ду Нохчийчохь. ТIайш тахкаран а, некъаш дахаран а белхаш жигара дIахьош бу. МеттахIитто леринчу яртийн дозанаш а билгалдаьхна.
Цул сов, оцу кIоштахь Iен-ваха хьалаваха луучунна гIо-накъосталла дийриг хилар а хаийтина республикин куьйгалло.
ТIехьа-Мартан кIоштан администрацехь болчу хаамашца нийса а догIуш, 1 800 сов доьзал бу меттахIотточу кIошта хьалабаха лууш.
Иштта, меттахIотточу кIоштахь йолу культурин тIаьхьалонан объекташ Росреестра юкъаяхийтаран декъехь болх а бу беш. Оцу реестра юкъахь ю хIинцале а цигара 80 сов объект, шайна юкъахь бIаьвнаш а, гIаланаш а, кешнаш а долуш.
Билгалдаккхар: Галай тайпа орстхойн тукхамна юкъадогIуш ду. Шайн тайпанан коьрта туш ГаланчIож (ширачу заманчохь Галайн-ЧIож) юрт лору цара.
Оцу тайпанан дукхах болу векалш ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Соьлжан а кIошташкахь, иштта, луларчу ГIалгIайчохь бехаш бу.
И.АДАМОВ
№65, хьаьттан (август) беттан 30 де, 2019 шо