Росгвардина тIеман 8 багги йина Россин спецназан университето

Карарчу 2019-чу шарахь Россин спецназан университето (РУС) тIеман дукхаIалашонийн «Чаборз М–3» 8 багги йина Россин Федерацин Къоман гвардин хьашташна. Иштта хаам бина «Чаборз» юкъараллин коьртачу директора Сирык Александра.

«Таханлерчу дийнахь «Чаборз» юкъаралло кечйина «Чаборз» баггин модификацин 3 кеп ю – М–3 а, М–4 а, М–6 а. ХIокху шарахь Россин Федерацин Къоман гвардин хьашташ кхочушдеш, «Чаборз М–3» модификацин 8 багги йина оха», – билгалдаьккхина цо.

Бахархошна а, нуьцкъаллин а, бакъонашларъяран а органашна а еш йолу дукхаIалашонийн автомобилаш ю «Чаборз» баггеш.

«Чаборз» юкъараллин коьртачу директора билгалдаккхарехь, бахархошна а, бакъонашларъяран а, нуьцкъаллин а структурашна а еш йолу баггеш башхаллаш йолуш ю – модификацица а, конструкцица а, мехаца а.

Нохчийн Республикехь еш а, арахоьцуш а ю «Чаборз» баггеш.

Нуьцкъаллин а, бакъонашларъяран а структурашна лерина модификацеш хIинцале а зийна Арктикерчу шелонехь а, шашлахь а, иштта, Шемарчу йовхонехь а, гIамаршлахь а.

Билгалдаккха догIу нуьцкъаллин а, бакъонашларъяран а структурашна ечу модификацеш тIехь пулеметаш хилла ца Iаш, АГС–17 я АГС–30 гранатометаш а хуьлуш хилар.

И.ХАСАХАНОВ
№65, хьаьттан (август) беттан 30 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: