ХIокху деношкахь Берийн а, кегийрхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон гIоьнца «Декалахь, бIаьстенан илли» республикин конкурс хилира.
Цигахь дакъалецира тайп-тайпанчу районашкара берийн кхоллараллин цIенойн векалша. Конкурс шина номинацехь дIаяьхьира: «Халкъан илли», «Эстрадин илли». Дакъалацархоша шайн хьуьнарш гайтира. Башха декара берийн аьзнаш. Жюрин декъашхойн резахилар а, хьовсархойн самукъадалар а гуш дара. Цара дIаолу иллеш а дара чулацаме. Даймахках а, нанна лерина а, ненан маттах лаьцна а дара иллеш. Цул тIаьхьа жюрин декъашхоша билгалбехира толамхой.
«Халкъан илли» номинацехь толам баьккхира Нажи-Юьртан районан берийн кхоллараллин цIийнехь Iамош долчу бераша. Оццу номинацехь шолгIа меттиг яьккхира Хьалха-Мартан районан берийн кхоллараллин цIийнехь Iамош долчу бераша, кхоалгIа меттиг – Заводской районан берийн кхоллараллин цIийнехь Iамош долчу бераша.
«Эстрадин илли» номинацехь толам баьккхира Ленински районан берийн кхоллараллин цIийнехь Iамош долчу бераша. Оццу номинацехь шолгIа меттиг яьккхира Курчалойн районан берийн кхоллараллин цIийнахь Iамош долчу бераша, кхоалгIа меттиг – Старопромысловски районан берийн кхоллараллин цIийнехь Iамош долчу бераша. Толамхошна дипломаш а, совгIаташ а луш, бирзира конкурсан болх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт