Ново-Огареворчу шен резиденцехь Россин Федерацин Президента Путин Владимира цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

Нохчийн халкъан хьуьнар а, похIма а бахьана долуш Нохчийчоь кхуьуш йогIуш хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Россин Президента.
Цул сов, республика кхиоран гIуллакх Кадыров Рамзана шен лерринчу тергонехь латтош хиларна тIе тидам а бахийтира Путин Владимира.
«Суна хууш ду ахь оцу гӀуллакхна мел хан йойу. Хьайн дахар доьзна ахь нохчийн халкъан дуьхьа къахьегарца. Мацах, шен хенахь, хьан дас Нохчийчоьнан а, нохчийн халкъан а дуьхьа къа ма-хьеггара, хьо а ву Нохчийчоьнна дуьхьа къахьоьгуш», – элира Россин Президента.
Дешаран шарна бинчу кечамийн хьокъехь дуьйцуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо хаийтира оцу декъехь кечамаш барца республика тIехдика ларийна хилар – Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь болх беш 470 школа а, цигахь доьшуш 282 эзар дешархо а хилар.
Иштта, карарчу шарахь дуьххьара школе доьдуш 33 800 бер хилар а хаийтира цо.
«Тхан дешаран учрежненеш 100 процентана кийча ю. Оцу декъехь кхеташонаш дӀаяьхьна ца Ӏаш, сайн тергонехь а латтийна ас и гӀуллакх», – хаийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Инвестицийн хьокъехь дуьйцуш билгалделира карарчу шеран хьалхарчу эхашарахь республикин коьртачу капитала юкъа инвестицеш ялор, дIадаханчу шеран оццу муьрца дуьстича, 127 процентана алсамдаьлла хилар.
Иштта, регионан валан сурсат (РВП) 2018-чу шарахь 197 млрд. соьман барамехь хилла хилар а хаийтира Кадыров Рамзана.
Республикехь кхочушъечу инвестицийн 628 проекто 20 эзар сов белхан меттиг кхуллург хилар а тидамза ца дитира республикин Куьйгалхочо. Цо билгалдаккхарехь, и проекташ кхочушъярна хьажийна 228 млрд. сов сом.
Мелла а хьалха, Россин Президентан сагатдеш хиллачу республикерчу белхазаллин гIуллакх ша дуьйцуш, Кадыров Рамзана хаийтира иза 8 процента тIе охьаялийна хилар.
«ТIейогIучу йоццачу хена чохь и гIуллакх «дIакъовла» тхайн ницкъ кхочург хиларх тешна ву со», – элира цо.
Бюджетахойн алапаш «Майхьлерчу» указийн тIегIанехь латто ницкъ кхаьчначу Россин Федерацин еа субъектан могIарехь Нохчийчоь хилар а хаийтира республикин Куьйгалхочо.
«Охьа ма дахалаш церан алапаш», – олуш, резахиларца жоп делира пачхьалкхан куьйгалхочо.
Хьахоза ца дисира республикехь къоман проекташ кхочушъяран гIуллакх а.
Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, къоман проекташ кхочушъяран гурашкахь экономикин а, социальни а 100 сов объект ярехь а, тоярехь а белхаш дIахьош бу, шайх 30 объектехь белхаш чекхбовлла гергга а болуш.
Билгалдаккха догIу оццу цхьаьнакхетарехь Россин Президента хьаьттан (август) беттан 23-чохь Шелахь схьадиллинчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарахчу маьждигах лаьцна а хаьттина хилар.
«Европехь уггар доккха а, дуьненахь уггар хаза а маьждиг ду иза. Иза схьаделларца республикин бахархой декъалбарна оха баркалла боху хьуна, Владимиран Владимир», – элира Кадыров Рамзана.
«Уггар а хаза маьждиг Петербургехь ду», – элира Путин Владимира забаренан кепехь, ша цIера волчу Санкт-Петербургера маьждиг а хьахош.
«Хьоьца къийсалойла дац сан», – аьлла, беламе кепара жоп Кадыров Рамзана а делира.
Иштта, Путин Владимир республике кхайкхаран декъехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира иза Нохчийчу ваза дукха хан яларна къаноша а, бахархоша а бехке ша веш хилар.
«Хьан бехк буй и бохуш, хоьтту цара соьга», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«Дукха хан ю со шу долчохь хилаза. Амма ван лууш а ву, вогIур а ву», – хаийтира Россин Президента Путин Владимира.
И.ХАСАХАНОВ
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо