Хьехархойн хьаьттахьлера ламасталлин конференци

Ю.Дешериевн цIарахчу Лингвистикин школехь Хьехархойн хьаьттахьлера ламасталлин конференци дIаяьхьира «Нохчийн Республикехь юкъарчу дешаран дикалла лакхаяккхар: проблемаш йовзийтар, стратегин Iалашонаш, мехала декхарш» аьллачу кхайкхамца.

Конференцехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Магомадов Iабдуллас, дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Парламентан депутата Дадаев Лоьмас, Россин Федерацин серлонан министерствон юкъарчу дешаран дикаллин мах хадоран пачхьалкхан политикин департаментан директора Четвертков Антона, иштта кхечара.

Дешаран министра Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира хIорашеран хьаьттахьлерчу конференцехь тIедогIучу дешаран керлачу шеран стратегин а, тактикин а Iалашонаш билгалйохуш хилар.

– Тахана вай дуьйцур ду 2019–2020-чуй шерийн белхан декхарех а, Iалашонех а, тIедогIучу кхаа шарахь дан леринчух а лаьцна. Уггаре а коьртаниг иза вайн республикин школашкахь Пачхьалкхан жамIашдаран аттестаци дIаяхьарехь дикачу агIор хийцамаш хилар ду. Вайн бераш Ерригроссин тайп-тайпанчу конкурсашкахь дакъалоцуш а, совгIатан меттигаш йохуш а ду. ТIедогIучу дешаран шарахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос кхочушъян йолор ю уггаре а йоккха «Хьехархо кхиоран регионан система» проект. Иштта, кхочушйийр ю физикин, географин, обществознанин, ингалсан меттан дакъошкахула йолу регионан проекташ, – билгалдаьккхира министра.

Нохчийн Республикин дешаран хьаьрмахь боккха хилам а, коьрта мероприяти а хир ю Соьлжа-ГIалахь дIахьош йолу «Россин шеран хьехархо – 2019» Ерригроссин конкурсан жамIаш дар.

Товбецан (сентябрь) беттан 22-чу дийнера эсаран (октябрь) беттан 2-чу дийне кхаччалц Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхетар бу конкурсан регионан муьрийн толамхой а, ткъа иштта, дIадаханчу шерийн толамхой а.

– «Россин шеран хьехархо – 2019» Ерригроссин конкурс дIаяхьаран а, вовшахтохаран а гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттинчу тидаме эцна ду, – билгалдаьккхира И.Байхановс.

Конференцин дакъалацархоша дIадаханчу дешаран шеран жамIаш а деш, тIедогIучу дешаран шеран Iалашонаш билгалъехира.

Дешаран системин тайп-тайпанчу секцешкахь белхаш бира. Царах яра: «КхитIе а долчу дешаро дешаран дикалла лакхаяккхарехь дIалоцу маьIна», «Юьхьанцарчу дешаран школехь дешаран дикалла лакхаяккхаран коьрта проблемаш а, уьш дIаяхаран некъаш а», «Дешаран регионан проект – дешаран дикалла лакхаяккхаран коьрта коьчал санна», кхин а.

ХьалхахIиттийна декхарш кхочушдан хьехархойн ницкъ, хьуьнар, зеделларг, похIма тоьарг хиларх ша тешна хилар а, дешаран керлачу шарахь церан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира министра.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: