Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук – 2019» форуман дирекцис къастийна округехь тоьлла йолу социальни 10 проект. Царна юкъахь ю нохчийн кегийрхоша кхочушъеш йолу «Турпалхой» проект.

Оцу проектан волонтераша яздо нохчийн къоман дуьхьа къахьегаран некъа тӀехь а болуш, террористийн ямартлонех кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойх а, динан а, юкъараллин а, культурин а гӀуллакххойх а, журналистех а лаьцна.
Проект кхочушъярехь къахьоьгуш 8 стаг ву: 4 корреспондент, дизайнер, редактор, аккаунтийн администратор, и дӀ.кх.а.
«Тахана нохчийн халкъ маьрша а, беркате а дахийтаран дуьхьа къахьегначеран иэс лардар а, цаьрга ларам хилийтар а ю коьрта Ӏалашо», – билгалдоккху проектан куьйгалхочо Абдулвагапов Жабраила.
Иштта, цо дийцина, социальни сеташкахь нохчийн къоман дуьхьа къахьегаран некъа тӀехь а болуш, террористийн ямартлонех кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойх а, динан а, юкъараллин а, культурин а гӀуллакххойх а, журналистех а лаьцна яздина ца Iаш, проекто дуккха а гIоьналлин акцеш а, цхьаьнакхетарш а, кхидолу гIуллакхаш а дIахьош хиларх лаьцна.
«Турпалхойн» векалша билгалдаккхарехь, проект кхочушъярехь жигара гӀонакъосталла деш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнча, «Грозный» НПТРК-н директор Дудаев Ахьмад а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Ӏийса а, иштта, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон векалш а.
Проекто болх бен 2 шо бен дацахь а, иза Нохчийчохь гIараяьлла ца Iаш, Россин кхийолчу субъекташкахь а евзаш ю.
«Турпалхойн беш» проект а кхочушйина «Турпалхойн» волонтераша. Соьлжа-ГӀаларчу Ш.Эпендиевн цӀарахчу Республикин клиникин больница йолччохь йолчу бешахь Ӏежан 1 267 синтар дIадийна – шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу республикин бакъонашларъяран органийн белхахойн цӀарах ду царах хӀора а.
Цул сов, республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хӀоллам а бу «Турпалхойн бешахь».
И.ИСЛАМОВ
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо