Коьрта тидам тIебохуьйту оцу зуламан маьIна довзийтарна

ХIокху заманахь дуьненан юкъараллина болчу уггаре а баккхийчех кхерам бу терроризм а, экстремизм а. Муьлххачу а юкъараллина экстремизм, террорца а, адамаш дайарца а кхераме хилла ца Iаш, шен идеологица а кхераме ю.

Экстремизм шен тайп-тайпанчу гучудийларшца, уггаре а хьалха терроризмаца, регионан а, дийнна мехкан а проблема хилла Iаш яц. Иза дерриге а дуьненан проблема ю, лазам бу.

Иза цхьаьна регионца юзар, аьр вай «Кавказан юьхь» йолуш яр чIогIа кхераме а, юкъараллехь гIоьртина хьал кхуллуш а хIума ду.

Экстремизман муьлхха а кеп, хуьлийла иза политикин, экономикин, динан, къоман, и.дI.кх. даима а къоман кхерамазаллех хьакхалуш ю.

XXI-чу бIешарахь экстремизм а, цуьнан кепаш а, гучудийларш а къаьсттина цхьана пачхьалкхан сингаттам, лазам хилла Iаш бац, иза дерриге а дуьненан юкъараллин лазам хилла дIахIоьттина тахана.

Цхьа а шеко яц терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам массара а цхьаьна дIабахьа безаш хиларан. Массарна а девзаш долу бакъдерг ду иза. Оцу зуламна дуьхьал цхьаьна, бертахь, вовшех дага а довлуш, къийсам дIабахьа беза ерриге а пачхьалкхийн лерринчу а, бакъонашларъяран а органаша.

Дуьненаюкъарчу барташца нийса а догIуш, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь Россин Федерацис цхьаьна гIуллакхаш до иттаннаш пачхьалкхашкарчу бакъонашларъяран органашца а, лерринчу службашца а, ткъа иштта, дуьненаюкъарчу организацешца а.

Оцу балхо беркате тIаьхье а ло, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал дIахьочу къийсаман эвсаралла лакха а йоккху.

Хьаххийначуьра аьлча, вайн мехкан субъекташкахь а лаккхарчу эвсараллица къийсам дIахьош бу терроризман а, экстремизман а гучудийларшна дуьхьал.

Россин Федерацин къоман кхерамазаллин декъехь кхочушъеш йолчу пачхьалкхан политикехь уггаре а мехала лоруш ду юкъараллин кхерамазаллина кхачояр.

Юкъараллин кхерамазаллина кхачояр ду вайн массо а стаг, вахархо зенах, зуламах ларвар, къаьмнашна юкъахь къийсамаш цахилийтар, церан бакъонаш цахьешийтар, Iаламан а, техногенни а бохамах адамаш лардар.

Оцу декъехь Россехь беш вуно боккха болх бу. Кечйина Россин Федерацин къоман кхерамазаллин 2020-чу шаре кхаччалц йолу стратеги. Кечдина терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал гIуллакхаш дарна тIехьовсийна кхидолу документаш а.

Россин Федерацин Президентан В.Путинан Указаца вовшахтоьхна Къоман антитерроран комитет (КъАК). Оцу указаца нийса а догIуш, мехкан субъекташкахь а вовшахтоьхна антитерроран комиссеш. Иштта комисси Нохчийчохь а ю гIуллакхдеш.

Россин субъект хиларе терра, вайн республикехь а жигара дIахьош бу терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал гIуллакхаш даран болх.

Ша аьлча, кхочушъеш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Антитерроран комиссин председатела Кадыров Рамзана чIагIйина йолу «Нохчийн Республика – антитеррор» республикин Iалашонан программа. Иза тIехьажийна ю Нохчийчохь терроризман а, экстремизман а гучудийларш цахилийтарна.

Оцу программица нийса а догIуш, кест-кеста дIахьо терроризмах а, экстремизмах а долуш долу зуламаш довзийтаран цхьаьнакхетарш, дуьненаюкъара конференцеш, кхидолу гIуллакхаш.

Нохчийчохь коьрта тидам тIебохуьйту терроран а, экстремизман а хьу шайца йолчу къайлахчу тобанашна вайн кегийрхой юкъа цаийзабайтарна, уьш Iехацабайтарна, къоначарна терроризмах а, экстремизмах а долуш долу зулам довзийтарна, кегийрхой Даймохк а, шайн халкъ а дезаран ойланехь кхетошкхиорна.

Оцу балхо беркате тIаьхье а ло.

С.ХАЖИХАНОВ
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: