Дукха хан йоццуш, Баку гIалахь (Азербайджан) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула Европин Олимпийски фестиваль.

Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь вара вайн республикерчу СШ-кара кхо спортхо.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевлира вайн спортхой: Исаков Асламбек (51 кг.) – №7 йолу СШ, Гигиев Мохьмад (60 кг.) – №1 йолу СШ, Яхъяев Iабдул-Валид (65 кг.) – И.Дугучиевн цIарах СШ.
Оцу кхиамашка вайн спортхой кхачийнарш бу, уьш Iамийна, церан тренерш: И.Исраилов, Ш.Вараев, А.Абдулаев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо