ПохIме бераш

Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина республикин берийн кхоллараллин фестиваль.

Фестивалехь дакъалоцуш дара 7 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш. Ша цхьаъ я тобанца фестивалан дакъошкахь шайн корматалла гайтира цара.

Фестиваль дIаяхьале хьалха, Нохчийчоьнан ерриге а кIоштийн культурин цIеношкахь, финалехь дакъалаца хьакъдолу бераш схьакъастош, конкурсаш дIаяьхьира фестиваль вовшахтоьхначара.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де билгалдоккхучу гурашкахь дIаяьхьира финал.

Конкурс масех номинацехь яра: «Вокалехула йиш лакхар», «Байт ешар», «Авторан байт», «Къоман хелхар», «Хорехь илли алар», «Театран постановка».

Вокалехула йиш лакхар» а, «Байт ешар» а, «Авторан байт» а дакъошкахь, толамхой къастош, хьалхара дакъа чекхдаьллачул тIахьа, тобанца корматалла гайтаран шолгIачу декъан толамхой а билгалбехира.

«Къоман хелхар» декъехь хьалхара меттиг яьккхира «Соьлжа-ГIала» ансамбло, шолгIа меттиг – «Аргун» ансамбло. «Хорехь илли алар» декъехь хьалхара меттиг Хьалха-Мартан кIоштарчу тобано яьккхира, шолгIачу меттехь яра Шела кIоштара тоба, ткъа кхоалгIа меттиг Соьлжан кIоштарчу тобанна елира, иштта, «Театран постановка» декъехь толаман хьалхара меттиг яьккхира Хьалха-Мартан кIоштарчу тобано, шолгIа меттиг – Итон-Кхаьллан кIоштан тобано, кхоалгIа меттиг – Шелковски кIоштарчу тобано.

Фестиваль вовшахтохаран а, дIаяхьаран а коьрта Iалашо яра, тIекхуьучу къоначу чкъуран шайн къоман культуре безам кхоллабалийтар а, царна культурин хазна йовзийтар а, муьлхха а халкъ халкъ санна даха, шен къоман культура евзаш хила дезаш хилар Iамор а.

Толамхой билгалбехира совгIаташца а, Баркаллин кехаташца а.

ВЕГИЕВА Макка
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: