Журналист, прозаик, поэт, гочдархо волчу Борхаджиев Хож-Баудин цIе дика евзаш ю вайн махкахь. Ткъех шо сов хан ю цо «Гумс» газетан коьртачу редакторан болх бен.

Бакъду, журналистикин гурашкахь чекхйовлуш яц цуьнан лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллин таронаш. Нохчийн Республикин тоьллачу иллиалархоша дIаолуш бIе гергга илли ду Борхаджиев Хож-Баудин дешнаш тIехь даьккхина.
Масех книга ю, иза автор волуш, араяьлла. Церан цIераш «На линии фронта», «На виражах времени», «В дыму надежд» ю.
Вайн республикерчу къоначу яздархойн, поэтийн «Возвращение», «Лирика–90», «Грозный» гуларшкахь зорбане йийлина цуьнан говзарш.
Нохчийчохь дика вевзачу журналистаца Сумбулатов Деница цхьаьна арахецна цо «Культура Чечни. Испытание временем» книга.
Кхин цхьа хIума дара суна билгалдаккха лууш, Борхаджиев Хож-Баудин дукхах долу иллеш нохчийн маттахь яздина делахь а, прозехь къахьегар оьрсийн маттахь ду цуьнан.
Шина а маттахь цхьабосса дика яздо цо, кIорггера меттанаш хууш хиларна, алссам исбаьхьаллин литература ешна, йоьшуш вайн турпалхо хиларан тоьшалла ду иза.
ХIокху деношкахь кхин цхьа книга араяьлла Борхаджиев Хож-Баудин. Цуьнан цIе ю «Гудермес и гудермесцы».
Гуьмсе гIалин кхаа бIешаре кхочуш йолчу историх лаьцна ю рогIера говзар. Цу тIехь цо дуьйцу Гуьмсехь динчу маьждигах, йиллинчу хьуьжарах, больницех, школех, цигахь белхаш бинчу дикачу нахах. Иштта шен рогIерчу говзарехь автора дуьйцу Гуьмсе дуьххьара цIерпоштнекъ билларх а, цига цIерпошт кхачарх а.
Хож-Баудис диц ца дина Даймахкана тIе бохам беача, герз карахь немцойн фашисташна дуьхьалдевлла турпала адамаш а. Иштта, шен говзарна юкъалаьцна ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн республикехь хиллачу буьрсачу тIамехь шайн синош ца кхоийна яхь йолу кIентий а, мехкарий а.
Ерриге а ткъеитт очерк ю гуларехь. Уьш шерачу маттахь, шен турпалхошка болчу боккхачу безамца, дийцаре диллинарг довзарца язйина ю. Мехала книга ю яздархочо арахецнарг. Гуьмсахошна мерза кхаъ хилла дуьсур долуш дац иза. Iилманчашна, хьехархошна, журналисташна пайдехь дерг карор ду цуьнан агIонаш тIехь.
Иттех шарахь къахьегна автора цу тIехь, материал гулъеш, цу тIехь цуьнан дика аьтто баьлла. Тираж цхьа эзар экземпляр ю. Къеггина басарш, тоьлла кехат ца кхоош, книга зорбане яьккхинарг ХIинжа-ГIалара (Махачкала) «Лотос» цIе йолу издательство ю.
Иза арахоьцуш харжаца гIо-накъосталла динарш Гумсан кIоштан администрацин куьйгалхо Оздамиров Iусман, вежарий Ахьмад, Заурбек СаидовгIар бу.
Хьаналчу къинхьегамо а, деган комаьршалло а дерриге а дуьне серладоккху. Оцу беркатечу серлонан зевне зIаьнар ю Борхаджиев Хож-Баудин «Гудермес и гудермесцы» книга.
Дала тIаьхье беркате йойла!
ГАЗИЕВА Аза
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо