Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларехь хийцамаш

Педагогикин дустарийн Федеральни институто 2020-чу шеран Пачхьалкхан юкъарчу экзаменан контрольни, дустарийн материалийн проекташ зорбане яьхна.

Кхин дIогара баккхий хийцамаш бац, делахь а, керланаш хир ду физикин а, чинин меттан а экзаменаш дIаяларехь. Иштта хаам бо Рособрнадзоран пресс-службо.

«Пачхьалкхан юкъара экзамен 2020-чу шарахь дIаяларехь КИМ-на тIехь баккхий хийцамаш бац, дIадаханчу 2019-чу шарахь Пачхьалкхан юкъара экзаменан жамIаш хьесапе а оьцуш, цхьадолчу тIедахкарийн а, царна лучу жоьпийн мах хадоран а кепаш хийцина», – иштта бу оцу хаамийн чулацам.

Чинин меттан а, физикин а экзаменашкахь бен хийцамаш хир бац. Масала, физикин экзаменехь (КИМ) №25 йолу тIедиллар хьалха 2 декъах лаьтташ хиллехь, хIинца, мелла а шуьйра жоп луш, 2 балл хIоттош хир ду.

Иштта, жоьпаш шуьйра луш долу тIедахкарш жимма сов хир ду физикин экзаменехь (хьалха 5 тIедиллар дара, хIинца уьш 6 хир ду).

Ткъа чинин маттехула дIалучу экзаменехь «аудировани» декъехь кIезиг тIедахкарш хир ду, цхьадолчу тIедахкарийн форматаш хуьйцур ю, керлачу диалоган 2 текст а юкъаялор ю, «Кехат» декъехь а керла тIедиллар хир ду.

З.ХИЗИРОВА
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: