Сел чолхе болчу, цхьана хийцинчу элпан лаамца дуьззинчу дешан маьIна хийцадала йиш йолчу, ша кхиийна долу халкъ санна, маьрша болчу меттан исбаьхьалла, хIора дешан кIорггера чулацам гайта, мотт а, оцу маттаца цуьнан мохк а, къам а довзийтар тIедиллинера замано дIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхан къоначу поэташна а, прозаикашна а. Царах цхьаъ вара 30-чу шерашкахь нохчийн литературина юкъавеана Гадаев Мохьмад-Салахь.
ХIокху шарахь 110 шо кхочу поэт дуьненчу ваьлла.

1909-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 6-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Чуьрча-Ирзехь ваьллера иза дуьненчу.
Цуьнан дахар кхечу, цуьнан поэтийн-нийсархойн санна къиза хилира.
Амма ша миччахь хилча а: дагна безначу ЦIен бердехь (хьомениг ларъеш), ницкъаша дIадигначу ГIиргIизойн махкахь, «къорачу» набахтехь, ойланаш лакхене кхийдаш, уьш кехате ерзон а, халкъана йовзийта а ледарло ца йира Мохьмад-Салахьа.
Стенах лаьцна яздора Гадаев Мохьмад-Салахьа? Бала я зовкх делхадора цо шен байташкахь?
Вайн халкъ махках даккхале Мохьмад-Салахьа язйина байташ цхьана билггалчу тематикина лерина а доцуш, дуккха а хаттарш хIиттош, Iаьнан зама дIаяьлча, ча самаяларе терра, адамийн ойла самайоккхуш яра.
Яздан волавеллачу хьалхарчу муьрехь Iаламах а, винчу юьртах а лаьцна хуьлура къоначу поэтан ойланаш. Дика евзачарех цхьаъ ю цуьнан «Буьйсанан бере» поэма.
Иштта яздо цо оцу поэми тIехь:
Со вина борз угIучу ламанан Iин чохь,
Эндаже лечарчий, ижуна дуьйлуш,
Суьйренца хьийзачохь, буьрса аз къуьйлуш.Вина чIу ца баллал луьстачу хьуьн чохь,
Лаьттан тхов тиллинчу тишчу тхайн буьн чохь
– Дада сайн ваьхначохь, къаьхьа кад муьйлуш.Беран мур циггахь ас баьккхина кхерсташ,
Хьаннийн и буьрсанаш, малх кхеташ, волий,
Кегаеш, «Же, варий! Же, варий!» – олий.Берзалой лелхаеш, тIулгаш а детташ,
Лечарчий къехкадеш, уьш мохехь сетташ
Iехалуш, синкъерам алсам а болий.
ХIокху байташа гойту Мохьмад-Салахьан бераллин хене болу безам, амма оцу безамца цхьаьна, дагара ца довлу цунна дIаихна хала денош а, шайн миска хIусам а.
Ахархочун доьзалехь дуьнен тIе а ваьлла, кхиъначу Гадаевна ца бевзинера мерзачу даарийн чам а, я керлачу, дезачу духарийн аьхналла а, амма, бакъ долуш, шена кхаьчнарг махбоцу бахам буй хаьара цунна: дуьнене, дахаре, поэзига болу безам, марзо тIех сов хиларна, догIанахь ялта санна, и совбуьйлуш, кхиъна иза.
Тамашийна ду поэт йозанехь шен кеп лоьхуш цахилар. Мохьмад-Салахьа шуьйра схьалаьцнера яздаран тематика. Шен дакъа дIалоцу безаман тематико.
Иштта яздо Мохьмад-Салахьа «Малике» байта тIехь:
Iадавеш, телхинарг санна,
ВогIалой, хьоьжуш со Iа…
Довхачу маршаллашцанна
Мерза аз Iенаш ду схьа.Iаьршара санна и догIу,
– Генара безаман аз.
Ойланаш тохало чIогIа,
Амма уьш ян ца ло яз.
Къоначу дегнашка кхочу безам Гадаевна а бовзаза бацара. И хьехош, и зуьйш, нанас бер санна, Iалаш а беш, дагахь къийла а къуьйлуш, дIахаийта а, дийца а ца ваьхьаш санна, адамийн бIаьрго и къахкабарна кхоьруш, хьеха а беш, воккха а веш, цуьнца цхьаьна ша тIаьхьакхиъна воцу и йоккха къайле а хеташ, кхайкхабо Гадаевс шен безам.
Амма, поэтан безаман тематикин неI йиллинарг, уггаре а гIараяьлларг «Йисите» байт ю:
Ас лерира! Хьо хIетахь
ГIайгIане йоьжна
Яра, шайн везачу
Дадех а яьлла.ТIаккха ас вайн яртийн
ГIиллакхе оьзна,
Чидамбир дагарна
Къайла а ваьлла.Ткъа хьуна-м (мичара!)
Дагахь а дацар,
Хьо езар тIехдаьлла
Къурдаш деш Iийриг.Ахь тергал ца дир ас
ГIиллакх хьайц лацар,
Витир ахь вала,
хьо Езарна лийриг.
Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента Дадашев Райкома а, литературин критика Бурчаев Хьаьлима а, Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллах дуьйцуш, билгалдоккху: «Эвлаяан Кунта-Хьаьжин хьехамаш а, дахаран некъ а бовзаро боккха тIеIаткъам бо Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллина а, Iилманан лехамашна а».
«Кунта-Хьаьжа» пьеса а ю поэтан.
Кхечу, шен «Кунтас аьлларг» байтехь, эвлаяан дешнаш далош санна, боху Гадаевс:
Ламазаш, марханаш
Эрна ма ду,
Адамашца мерза хьо вацахь.
Долийна къамел дIахьош санна, «Сайга» байтехь яздо поэта:
Варийлахь! Варийлахь!!!
Харц некъ ма хьуолахь:
Харц новкъахь макх летчахь,
Дог телхар ду.
Гадаевн ша язйина байташ, пьесаш хиларал сов, нохчийн матте гочйина оьрсийн тоьллачу яздархойн дуккха говзарш а ю.
ХьошалгIа вахана-веанчу стага генарчу махкахь хилларг, гинарг, хезнарг дуьйцуш санна, схьадуьйцу гочдархочо Гадаев Мохьмад-Салахьа шена девзинарг, тидам тIебахийтинарг шен ларамечу доттагIашна – ешархошна.
Нохчийн Iилманийн академис 2010-чу шарахь Гадаевн белхашна лерина арахецначу «Синлехамаш» книги тIехь ялош ю цо гочйина Ф.Тютчевн, А.Пушкинан, М.Лермонтовн, Н.Некрасовн, И.Крыловн, Н.Асеевн, С.Чикованин, С.Михалковн, кхечеран говзарш.
Далор вай Мохьмад-Салахьа гочйинчу «Мцыри» поэми тIера тIаьххьара могIанаш:
ТIаккха, Iуьллур ву со, моьттуш
Я сан ваша, я сан доттагI
Юххехь лаьтта оллавелла,
Леш сан юьхь тIе шийла даьлла
Хьацар куьйга дIа а дохуш,
Хьоме махках илли бохуш…
ДIатуьйр со, иза дагалоцуш,
НаьIалт цхьанненна а ца бохуш!..
Амма доггах тиллина кхоллараллин тIай хедира Гадаевн.
1944-чу шарахь дерриг халкъ махках доккхуш, поэт а велира шен дайн махках. Иза ГIиргIизойн махка нисвелира.
Бакъду, кхечеран хьоле хьаьжча, Мохьмад-Салахьна дика болх нисбелира. Кхачанан сурсатийн складан заведующи хIоттийра иза. Амма, шен къомах дог лозуш волу поэт, шен вежарийн хьоле хьоьжуш, юьстах ца Iавелира.
Мацалла, къизалла хьоьгуш болчу вежаршна къайлаха юург кхоьхьура цо. И гучудаьлча, цунна, набахти чохь яккха итт шо хан туьйхира.
Делахь а, ша чуволлале, Гадаев астрономина лерина шен Iилманан белхаш тайптайпанчу гIаланашка дIасабахьийта ларийнера. Цуьнан белхаш, кхин тергал а ца беш, бисира.
1953-чу шарахь, амнисти хиларх бахьана а хIоьттина, маьршаваьккхира иза. Маьрша воцуш дахначу шерашкахь язйина цо шен тоьлла говзарш: «РегIера поп», «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», ткъа «ЦIен-Берд» нохчийн къомах волчу хIора а стеган даг чу кхаьчна.
Iожалло Iехавой, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелчохь, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой,
Цуьнга бIаьргтохалаш, аьтто хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.ГIеллой Iаш хетало безна и мохк,
Малх хьуллуш, бIаьргтоьхча геннара дIа,
Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,
Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа…Догмерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,
Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.
Сан метта бIаьргтохий, сан бIаьрга гой,
Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кIел тIулг богIий, гуонаха берд хьой,
Безамна бIарлагIа елаш цигахь.
1957-чу шарахь вайн халкъаца цIавирзира Гадаев Мохьмад-Салахь. Маршонан чам мерза белахь а, цунна кIорггера бевзар болуш ца хиллера. Оццу шарахь Гадаевн карах стаг валар нисделира. Цу юкъахь наха дуьйцуш дуккха хетарш а дара.
Ткъа и вевзаш болчу поэташа амал сиха йолуш стаг вара олура Мохьмад-Салахьна. Цунна юха а 25 шо хан туьйхира. Арсанов СаьIид-Бейс накъосталла а дина, 20 шаре охьаяьккхира и хан. Цул тIаьхьа кхин 15 шаре.
1972-чу шарахь Гадаев Мохьмад-Салахь, хан текхна ваьлла, набахтера араволу. Цул тIаьхьа, ах шо даьлча, оццу 1972-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь, ша винчу Чуьрча-Ирзехь (Нажи-Юьртан кIошт) кхелхина иза.
Цуьнан дуккха а байташ кхечу поэтийн цIарах а, псевдонимашца а зорбане йийлина. ХIинца къасталур а дац царах муьлхарниг Гадаевс шен къоламца язйинера. Амма нахе уьш дIакхаьчна аьлла хаам хилча, воккха а веш, ша ирсе а хеташ, шен цIе царна бухахь цахилар коьрте ца лоцура цо (дагахь-м доцуш хуьлийла а дац иза).
Къоман дуьхьа ваьхна иза, халкъана лерина Мохьмад-Салахьа шен кхолларалла.
ТIехIоьттинчуьнга хьаьжжина хилла цуьнан ойланаш, амма цкъа а доттагIчух ца къаьста накъост санна, оцу ойланашца схьаихна цуьнан поэзи хIокху дийне некъ беш.
ШУАИПОВА Ама
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо