ХIора шарахь, товбецан (сентябрь) беттан 27-чу дийнахь дерриге дуьненахь а билгалдоккху Дерригдуьненан туризман де. И, дезде санна, дуьххьара дIакхайкхийна 1979-чу шарахь Дерригдуьненан туристийн организацис Испанин Торремолинос гIалахь. Россехь Туризман де билгалдаккха долийна 1983-чу шарахь дуьйна.

Нохчийн Республикин туризмехула йолу министерство кхоьллина «Нохчийн Республикин Правительствон хIоттамна а, Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан органийн структурина а юкъа хийцамаш балоран хьокъехь» долчу 2018-чу шеран мангалан (июль) беттан 5-чу дийнахьлерчу №109 йолчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца нийса а догIуш, Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитетан цIе «Нохчийн Республикин туризмехула йолу министерство» аьлла хийцарца.
ХIокху баттахь шо кхечи министерство кхоьллина. Министерствон коьрта декхарш ду: Нохчийн Республикехь туризм а, туристийн дакъа а кхиорна оьшуш долу хьелаш кхоллар, туризман декъехь кхечу регионашца а, дуьненаюкъарчу тIегIанехь а зIенаш тийсар, цхьаьна болх бар, Нохчийн Республикехь туристийн объекташ а, инфраструктура а кхоллар а, кхиор а, туристийн организацийн зIе кхиорна гIо дар, оцу организацешна вовшахтохараллин-методикин гIо дар, туристийн индустрина инвестицеш юкъаозорна лерина бегIийла хьелаш кхоллар, туризман декъехь оьшуш болу белхахой кечбар, и.дI.кх.а.
Нохчийн Республикин уггаре а эвсаре болх бечу министерствех цхьаъ хилла схьайогIуш ю тахана Нохчийн Республикин туризмехула йолу министерство, шен коьртехь министр Байтазиев Муслим а волуш.
«Даймохк» а, «Вести Республики» а республикин газетийн корреспонденташна ша еллачу интервьюхь Муслима дийцира министерствос бечу балхах лаьцна, жоьпаш делира цхьамогIа хаттаршна (царна юкъахь – дукха хан йоццуш, Израилерчу терроризмаца къийсам латторехула йолчу пачхьалкхан штабо шайн гражданашка Нохчийчу цаэхаре кхойкхуш, вайн республикехь терроризман лаккхарчу тIегIанан кхерам лаьтта бохуш, бинчу кхайкхаман хьокъехь долу хаттар а дара).
– Муслим, цхьана шарахь, герггарчу хьесапехь, Нохчийчу маса турист вогIу?
– ДIадаханчу шарахь, масала, республике 15 000 турист веара, уьш, коьртачу декъана, туристаш-экскурсанташ бара. Кху шарахь церан барам юккъерчу хьесапехь 19 процентана лакхабаьлла хилар гуш ду, къаьсттина шеран хьалхарчу чийрикехь. Иштта, дика билгало хилла дIахIоьттина экскурсантех тIаьхьа туристаш хуьлуш хилар.
Вуьшта аьлча, туристаш вайн хьешацIеношкахь совцар (де-буьйса доккхуш) дIадаханчу шарца дуьстича, кху шарахь хаъал лакхадаьлла (кху шеран хьалхарчу эхашарахь).
2018-чу шеран хьалхарчу эхашарахь, де-буьйса доккхуш, 48 эзар турист сецира вайн республикехь (130 дебуьйса даккхар). Ткъа 2019-чу шеран хьалхарчу эхашарахь и терахь 71 000-га кхаьчна (142 де-буьйса даккхар). Цо гойту вайн хьешацIеноша саяккхар дикка лакхадаьлла хилар.
Экскурсанташ санна баьхкина болу туристаш, шайн цIа а боьлхий, цул тIаьхьа юха а богIий, дуккха а ханна шайн доьзалшца кхузахь совцуш меттигаш хуьлу.
Кхечу пачхьалкхашкара туристаш бахкаран а дика гайтамаш бу вайн. Масала, 2018–2019-чуй шерийн хьалхара чийрикаш юьстича, дозанал арахьарчу турийстийн барам хIокху шарахь 300 процентана лакхабаьлла, аьлча а кхузза. Ткъа шина шеран ши ахшо дуьстича, хIокху шарахь 96 процентана лакхабаьлла республике богIучу дозанал арахьарчу туристийн барам.
Оцу гайтамашка хьаьжча, Нохчийн Республикехь туризм кхуьуш хилар гуш ду вайна, деш кхин а хьешацIенош а ду, иштта, дIадаханчу шарца дуьстича, 130 процентана номерийн фонд а алсамъяьлла вайн.
Туризм кхион езарх кхеташ бу бахархой а. Алссам туристаш тIеэца кийча бизнес йолу регион ю Нохчийчоь. Вайн хIинца йолуш йолу номерийн фонд хьесапе а эцна, республике вогIу хIора турист, хIора шарахь, масала цхьа де-буьйса доккхуш соцуш хилча, вайн республикехь 985 000 турист саца аьтто бу.
Юккъерчу барамехь шина денна совцу туристаш вайн республикехь, ткъа вайн Iалашо – уьш кхаа а, деа а, цул сов а де-буьйса доккхуш, совцийтар ю.
– Вайн махка богIучу туристашна юкъахь уггаре гIараевлла муьлха туристийн маршруташ, базаш ю?
– Бакъдерг аьлча, туристашна уггаре а чIогIа ган луург Соьлжа-ГIала хуьлу. Цул тIаьхьа богIуш Къоьзан-Iам бу ала мегар ду, кхидIа – Устрада-ГIала. ХIинца алсамдаьлла туристаш Бена а, ГаланчIожан кIошта а эхар.
Бенахь инфраструктура кхоллар бахьана долуш – цигахь дина хьешацIа (саца аьттонаш а болуш), «Ахкеты» олуш йолу садаIаран база а, Шира-Бенахь йина ресторан – цига туристаш бахар алсамдаьлла.
ГаланчIожан кIошта яхийта, дукха хьолахь, джиптураш а, гIашлойн маршруташ а вовшахтуху оха.
Бакъдерг аьлча, туристаш дIоггара дукха ца боьлху ГаланчIожан кIошта, хIунда аьлча, тIеваха некъаш массанхьа а дехкина дац цигахь (гIашлойн некъаш доцурш), делахь а, оцу кIошта баха лаам берш а кIезиг ца хуьлу.
– Шарахь а, Хойхь а, ГаланчIожан кIоштахь а йолу историн-культурин комплексаш меттахIитторехь хIун болх бу беш?
– Оцу меттигашкахь белхаш жигара дIахьош бу. ХIокху деношкахь меттахIоттийна яла езаш ю, масала, Хьайбахара цхьа бIов, иштта, Шарахь а беш болх бу, Хойхь, хIора дийнахь, дIахьош белхи бу, и меттигаш цIанъеш.
Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, дIадаханчу шарахь, масех объект меттахIоттийна кхузахь – маьждиг а, хьуьжар а, цхьа бIов а, цхьа гIала а. Иштта, гуонаха керт йина Хой юьртана, акхаройх и меттиг ларъеш, юьрта юккъера коьрта некъ а тобина. ХIокху шарахь и болх кхидIа а жигара дIахьош бу.
Иштта, тхан министерствон а, кхечу министерствийн а белхахоша, цига а боьлхуш, белхи бо. Хойхь кхин а масех объект меттахIотто дагахь ду тхо, Дала мукъ лахь!
– Дукха хьолахь, стенгара богIу Нохчийчу туристаш?
– Тайп-тайпанчу меттигашкара богIу вайн республике туристаш. ХIокху шеран гайтамаш тIедогIучу шеран оханан (апрель) баттахь бен хуур дац вайна, цундела дIадаханчу 2018-чу шеран гайтамех лаьцна дерг эр ду вай.
Урамашкахь а, вистхилча а вайна билгалдолу дукхах болу туристаш Россин регионашкара баьхкина хилар. Царна юкъахь дукхахберш ГIирмера а, луларчу республикашкара а, Аштаркханан, Ростовн областашкара а, ГIалмакхойн Республикера а, Москва а, Санкт-Петербург а гIаланашкара а хуьлу.
Дозанал арахьарчу туристех дерг аьлча, дIадаханчу шарахь вайн республикехь хилларш 70–80 пачхьалкхера туристаш бу. Республике богIучу туристийн статистика ю оха дIахьош, и гайтамаш оха социальни сеташ чу а боху.
2018-чу шарахь уггаре а дукха туристаш вайн республике хIокху мехкашкара баьхкина: Мисара, Бельги, Австрали, Таджикистан, Чина, Хонкара, Узбекистан, Казахстан, Азербайджан, Бахрейн, кхиерш.
Къаьсттина ГIажарийн айманера дукха туристаш хуьлу тIаьхьарчу хенахь вай долчохь.
– Шакъаьсттина Герггара Малхбале схьаэцча, муьлхачу пачхьалкхера туристаш алсам хуьлу вайн республикехь?
– Закавказье а, Герггара Малхбале а вай йийцича, уггаре а дукха Хонкарара хуьлу туристаш, тIаккха – Iаьрбийн Эмираташкара. ХIинца оха дIахьош бу СаIудийн Араверчу туристийн тидам республикина тIеберзоран болх, хIунда аьлча, цара (СаIудийн Аравера туристаша) дуккха а некъ бо Кавказехула, Закавказехула, цундела, вайна уьш республике бахкар, царна вайн мохк бовзар мехала хир ду.
Оцу гIуллакхан хьокъехь, дукха хан йоццуш, тхан, Нохчийн Республикин делегацис Москвахь дакъалецира межпрофкомиссин балхахь (Россин а, СаIудийн Аравин а межпрофкомисси ю иза). Оцу комиссин протокола юкъа яхийтира Нохчийн Республикин векалша СаIудийн Аравин а, Нохчийн Республикин а зIенаш чIагIъян а, туристаш вайн махка бахкийта лууш хилар а довзуьйтуш йолу пункт.
Оха дийцира Джиддара а, Соьлжа-ГIалара а кеманаш дIасалела тхаьш лууш хилар. Цо таро хуьлуьйтур яра Къилбаседа Кавказера 8 миллион бусалба Макка а, Мединате а Хьаьждан а, Iумрат дан а вахийта. Даима а йолу рейс хир яра иза.
Иштта, СаIудийн Араверчу туристийн кеманца вайн регионе бахка а аьтто хир бара. Къаьсттина шайн махкахь тIехйовха йолчу хенахь, Къилбаседа Кавказан лаьмнашкахь оцу бурконах кIелхьарабовла йиш хир яра церан.
– Вайн республикин Теркаца йолчу Теркан а, Невран а, Шелковски а кIошташкахь туризм кхиорехь хIун болх бо министерствос?
– Оха, Шелковски кIоштахь дIадаханчу шарахь масех муьран езархойн авторалли дIаяьхьира. Цуьнан Iалашо яра оцу кIошта нах марзбар, и меттигаш йовзийтар, хIунда аьлча, масала, оцу къийсадаларшкахь билгал ма-даллара, вайн нахана кIезиг евза вайн республика, цигахь дакъалаьцнарш дукхахберш, цара дийцарехь, оцу кIоштахь цкъа а хилла а бацара.
ХIокху шарахь оцу кIошташкахь болх бийр бу оха. «Хорбазан а, пастанан а фестиваль» цIе а йолуш, даарийн фестиваль дIаяхьа дагахь ду тхо. ХIорашеран фестиваль хир ю иза, Дала мукъ лахь! Невран я Шелковски кIоштахь дIахьур ю иза. Туристаш оцу кIошташка марзбарехь а, юха-юха а оцу мероприяте бахка безар царна хаийтарехь а цхьа гIулч хир ю иза.
– Карара шо, вайна хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца, ГаланчIожан кIоштан шо ду аьлла дIакхайкхийна. Оцу кIоштахь хIун белхаш бо аш?
– ГаланчIожан кIошта оха нах буьгу а, джип-тураш йо а дикка хан ю, оха и кIошт дIа а йовзуьйту, оцу кIошта баха луучарна массарна а лерина мероприятеш вовшах а туху. Вайн чоьхьара туризм дика кхуьуш яц, цундела, оха дерриге а до, бахархой, масала, Къоьзан-Iома тIе, маршруткашца баха аьтто хилийтарехьа.
Дуккха а бахархой оцу Iома тIе баха лууш а хуьлу, баха а боьлху, делахь а, цига баха аьтто боцуш делахь а, цигахь цкъа а хилаза а дуккха а нах бу вайн. Иштта хьал ГаланчIожан кIоштахь а ду ала мегар ду.
Туристийн автобусашна (20 стаг чохь хир волуш) цига хьалаэха атта хир долуш, оцу кIоштахь автомобилийн некъ биллинчул тIаьхьа, оха цига туристийн тобанаш хьалаоьхуьйтур ю. Ткъа карарчу хенахь оха цига гIашлойн маршруташ йохуьйту, иза а хенан хIоттаме хьаьжжина хуьлу.
Масала, хIинцца, дукха хан йоццуш, дукха догIанаш эхар бахьанехь, цига хьалабоьду некъ боьхнера, цундела иза тобина баллалц цигахь дIаяхьа лерина мероприяти ца хуьлуьйтуш, нах хьала ца бигира.
ХIокху шеран чиллин (февраль) баттахь 200 гергга стагах а, 57 машенах а лаьтташ йолу, ГаланчIожан кIошта баха луучеран тоба вовшах а тоьхна, хьала а дахана, оцу кIоштан Iаламах бIаьрг а тухуш, алссам нахана йовза а йовзийтира оха и кIошт.
Транспортаца тхуна гIо-накъосталла дира кIоштийн администрацийн куьйгалхоша, къаьсттина Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствос.
Оцу кIошта хьалабоьду некъ билларе хьоьжуш ду-кх тхо. Вайн махкарчу а, дозанал арахьарчу а туристашна чIогIа мехала ду цигахь некъаш а, инфраструктура а хилар.
– Оцу кIоштахь муьлха бIаьвнаш, архитектурин объекташ ю меттахIиттош?
– Ас билгал ма-даккхара, меттахIоттийна йолуш ю Хьайбахара бIов, масех кIиранах чекхбевр бу цигара белхаш. Хьалха нах Iийна йолу ламанан ярташ меттахIиттош оцу я кхечу тайпанан векалш а бу. Иштта, жигара дакъалоцу Нохчийн Республикин Культурин а, тхан а министерствоша.
МеттахIоттийна МоцIарара бIов, Бенойн бIов, Пешхара, ерриге а бохург санна, объекташ. Оцу меттигашка туристаш наггахь бен боьлхуш бац, хIунда аьлча, некъаш дика дац.
– Туристийн керла авиамаршруташ схьаелла дагахь дуй шу?
– Авиамаршруташ билггал схьайоьллур йолуш ю. Карарчу хенахь тхо дагахь ду СаIудийн Аравица дуьххьалдIа йолу зIе хилийта. Билгалдаккха деза, иза Россин а, СаIудийн Аравин а юкъаметтигийн исторехь а дуьххьарлера авиасообщени хир ю.
Вайн цаьрца цкъа а хилла яц хIинццалц йиллина (регулярни) авиасообщени, чартерш а, шайн долахь долу кеманаш а цига дIасалелаш хиллехь а. Цундела, иза боккха кхиам бу СаIудийн Аравина а, оцу пачхьалкхан векалш а бара даима вайца авиасообщени хилийта лууш.
Цара хIинцале ши гIала хаьржина оцу гIуллакхна – Москва а, Санкт-Петербург а, квота йолу кхоалгIа гIала, вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Герггарчу Малхбален пачхьалкхашца дика юкъаметтигаш а, церан вайн республикин Куьйгалхочуьга сий-ларам а хиларе терра, Соьлжа-ГIала хирг хиларх тешна а ду тхо.
СаIудийн Аравин векалш бу шаьш долчу туристаш бахкийта лууш. Динан туризм йоцург а, уьш жигара болх беш бу вуьшта (гуттарлера) туризм кхиорна тIехь а.
– Израилан терроризмаца къийсам латторехула йолчу пачхьалкхан штабо туристашна Нохчийчу бахка кхераме ду аьлла, динчу дIахьедаран хьокъехь хатта лаьа. Хьуна хетарехь, мел бух болуш ду и дIахьедар?
– Цкъа-делахь, иза цхьа а бух боцуш хIума ду. Цо и дIахьедар, цхьацца социальни сеташкахь, сайташкахь болчу цхьаболчу хаамашка хьаьжна дина аьлла хета суна.
И хаамаш, вайна ма-хаъара, уггаре кIезиг а 15–20 шарна ширбелла бу. Я цхьа а террористийн организаци вай долчу богIучу туристашна цкъа а гина а яц, я туристашна цхьамма а тIелатар дина аьлла цкъа а хезна а, хааделла а дац тхуна, тхо комитетехь а, хIинца министерствехь а болх беш долчу хенахь.
Цул сов, Израилера бIеннаш туристаш вайн республике богIуш а бу, цхьа а проблемаш а яц церан. Тахана а, 28 стагах лаьтташ йолу туристийн тоба ю вай долчу йогIуш, вайн хьешацIийнехь соцур йолуш ю иза, кIира даьлча, 30 стагах лаьтташ йолу туристийн кхин цхьа тоба а йогIур ю вайн республике.
Яккхийчу тобанашца вайн республикехула некъ бо цара, цкъа а цхьана а тайпа халонаш хилла яц церан вай долчохь. Цундела, туристашна уггаре а маьршачу меттигех цхьаъ ю ала мегар ду Нохчийн Республика.
– Регионан туризм а, турбизнес а кхиорна гIо дарехь Нохчийн Республикехь хIун болх бу дIахьош?
– Ростуризман тIедилларца тхо дагахь ду дозанал арахьарчу пачхьалкхашкара вай долчу богIучу турагенствошкарчу туроператоршна субсидировани ян.
Оцу хьокъехь оха хIинцале тхайн белхахошца а, турфирмийн векалшца а кхеташо дIаяьхьна, оха и программа царна дIа а йовзийтина.
И программа кестта болх бан йолалур ю, цо гIо дийр ду туристаш вайн махка бало а, пачхьалкхо деш долчу гIоьнах а, субсидех а пайдаэца а.
Шакъаьстина турфирмех дерг аьлча, карарчу хенахь, субсидировани – иза пачхьалкхо царна гIо даран цхьаъ бен йоцу агIо ю, ткъа ерриге туризмах дерг аьлча, Россин экономикин министерствос кечъеш ю туризм кхиорна гIо даран программа.
Кхуллур йолуш ю керла Iалашонан программа, цул тIаьхьа регионийн йиш хир ю инфраструктурин хьашташна (электросерло, газ, некъаш, и.дI.кх.а) леринчу ахчанах пайдаэца.
Тхо чIогIа тешна ду Нохчийн Республика оцу программина юкъагIуриг хиларх а, хьалххе дуьйна кхиамаш бохуш схьайогIуш а, «2035-чу шаре кхаччалц йолчу Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь туризм кхиоран стратегина» юкъаяхийтина а йолчу туристийн кластерийн цо аьтто бийриг хиларх а.
– Муслим, Дела реза хуьлда хаттаршна жоьпаш даларна, Дала аьтто бойла шун!
– Дела реза хуьлда!
Интервью дIаяьхьнарг – МУРТАЗОВ Iадлан
№66, товбецан (сентябрь) беттан 3 де, 2019 шо