Нохчийн пачхьалкхан университетехь Ерригроссин «Толаман кехат» патриотически акци хилира. ТIекхочучу Толаман денна лерина хIоттийначу белхан планна юкъадогIуш дIаяьхьна яра и акци университетан «Вайн юкъара Толам» штабо.
Ерригроссин «Толаман кехат» акции йолаелчахьана Россин Федерацехь доьшуш болчу студенташний, дешархошний юкъахь дIахьош кхетош-кхиоран болх бу.
Оцу акцин маьIна иштта ду: кегийрхоша тIамехь дакъалаьцначу шайн гергарчу нахе кехаташ яздо. Ткъа оцу кехата кегийрхоша т1ехь дийца деза Толаман тIаьхьенан пусар дарехь шаьш дина гIуллакхаш.
«Тхан университетан студенташна шатайпа хилам бу хIара санна акци дIаяхьар. Т1аьхьенашна юкъахь зIе латторал а сов, оцу Толамна тIекхача гIерташ шайн дайша, дедайша лайна хало, бала дагах кхетий, карлаболу къоначийн дегнашкахь. Ишттачу акцеша студентийн патриотизм кхиайо, къоман дIадаьллачун ларам бан а Iамабо уьш», – элира университетан волонтерийн корпусан координатора Медов Iусмана.
З.ХИЗИРОВА
Авторан сурт