Хьомсара доттагIий! Даггара декъалдо шу Республикин денца – бахархойн барт а, цхьаалла а хиларан денца!

ХIара деза де, дIакъасто йиш йоцуш, доьзна ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарца. Цо шен Указаца иза юкъадаьккхира 2002-чу шарахь. И бахьанехь хIара деза де нохчийн халкъ цхьаьнатохаран, республикехь машар а, кхиар а хиларан билгало хилла дIахIоьттира.
Вайна массарна а гуш ду тахана Нохчийчоь вайн махкахь уггаре а кхиамечу регионех цхьаъ хилар. Иза билгалдоккху республикехь хуьлучу дуккха а хьешаша, иза тIечIагIдо тайп-тайпанчу рейтингаша а, социальни хаттамаша а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даима а чIогIа тешна вара халкъаш цхьаьнакхетчий, церан барт чIагIбелчий бен машаре кхачалург цахиларх, бIешерийн халонех хьалхадовлалург цахиларх.
ВуьрхIитта шо дIадаьлла. Оцу хенахь вай кхочушдина вуно даккхий декхарш. Республика меттахIоттийна ца Iаш, вай керла поселкаш, каппаш, школаш, больницаш, эзарнаш цIенош, тIайш, некъаш, спорткомплексаш, берийн бошмаш, маьждигаш, хьуьжарш йина.
Дуьненан тIегIанерчу турнирашкахь хьалхара меттигаш йоху вайн спортсменаша, лоьраша, хьехархоша толамаш боху ерригроссин конкурсашкахь, кхуьуш ду дерриге а дакъош, ткъа республика уггаре а синтемечу а, кхерамазчу а регионех цхьаъ ю.
Мехала ду, халкъ цхьаъ хилла дIахIоьттина хилар, чолхе декхарш кхочушдеш а, кхочушдан кийча а хилар.
Адамаш шайн къоман яхьюьхь ларъеш, цунах дозалла деш ду, цхьааллин а, нуьцкъалчу а Россин бахархой шаьш лоруш а ду. Даймохк кхидIа а кхиамца кхуьург хиларан закъалт ду иза.
Хьомсара доттагIий, кхин цкъа а декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шун доьзалшкахь барт, токхо лаьттийла, балхахь кхиамаш хуьлийла, ондда могашалла хуьлийла!
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо