Устрада-ГӀалин мэран декхарш кхочушдеш хилла волу Кадыров Хас-Мохьмад шен даржехь чӀагӀвина Устрада-ГӀалин Депутатийн кхеташоно.

Даррехь кхажтасарехь дакъалоцуш хиллачу 17 депутатах 15 реза хилира Кадыров Хас-Мохьмад шен даржехь чӀагӀван, 2-мма кхаж ца тесира.
Меттигерчу Депутатийн рогӀера йоцчу кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Премьер-министра Хучиев Муслима, Парламентан спикера Даудов Мохьмада, кхечара.
Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Хас-Мохьмад, ша мел къона велахь а, доккха зеделларг долуш а, шех тешийначу балхаца дика ларор волуш а хилар.
«Шен къоналле хьаьжна доцуш, ХасМохьмад белхан доккха зеделларг долуш ву. Оха шех мел тешийначу гIуллакхашца ларийна а ву иза. Цундела, цхьа а шеко йоцуш, шена гIо деш Устрада-ГIалин бахархой а болуш, хIокху муниципалитетера дахар керлачу, кхиамечу новкъа цуьнга даккхалур ду», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Иштта, лулара масех юрт тӀекхетарца, кестта Устрада-ГӀалин гуо шорлург хиларца доьзна, мэрис бан беза болх а алсамболуш хилар хаийтира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа Россин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин лерринчу Iалашонийн мобильни тобанан (ОМОН) кертахь хилира республикин Куьйгалхо.
Кадыров Рамзан цига вахар доьзна дара тобанан керла куьйгалхо вовзийтарца. ХIинца дуьйна оцу тобанна куьйгалла деш хир ву Бисаев Анзор. Иза, хIинццалц, Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштарчу полицин №2 йолчу декъан куьйгаллехь лаьттина ву.
Ткъа хIинццалц Россин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин лерринчу Iалашонийн мобильни тобанан (ОМОН) командир лаьттина Цакаев Iалихан, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министран Алханов Русланан омранца нийса а догӀуш, Устрада-ГӀалин чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан хьаькаман дарже дехьаваьккхина.
И.ХАСАХАНОВ
№67, товбецан (сентябрь) беттан 6 де, 2019 шо